Гуьмс гIалара Украинерчу тIаме новкъаяьлла рогIера "шайн лаамехь" болчийн тоба. Цигахь йолчу Оьрсийчоьнан спецназан университетан базехь Iаморашкахула чекхбевлла уьш аьлла "Грозный" пачхьалкхан телеканалан репортажехь.
БIахой новкъабаха веанчу нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада шина баттахь гергга Украинехь гIуллакх дечу "зеделларг долчу командирашка ладогIар" хьийхира царна.
Оцу юкъанна гулбеллачу эскархойх доккхаха долу дакъа, сюжетехь дийцарехь, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара баьхкина бара. Корреспонденташа хеттарш динчу ялханнах – кхоъ Ханты-Мансийскан а, Сахалинан а, Белгородан а кIошташкара бара, цхьаъ вара Нохчийчуьра.
- Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша республикера шайн лаамехь Украине боьлхучех видео яржийна – оцу тIехь хеза уьш новкъабохучу зударийн белхар. Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо, меттигерчу бахархошка бертаза дакъалоцуьйтуш ду тIамехь, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевллачу нахе а цхьаьна.
- Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
- Охан-беттан 21-ра - тIеман 57-гIа де ду. Оьрсийчоьнан агIонна Мариуполехь "леррина дийцарийн раунд" дIаяхьар хьехна Украино – йохийначу гIалара украинхойн эскархой а, маьрша бахархой а, лазийнарш а арабахархьама. Оьрсийчоьнан интеллигенцино дехар дина керстан марха достучу юкъанна мукъна а тIемаш совцабе аьлла. Оьрсийчоьнан мехкадаьттех дIахаьдар ю Германи хIара шо чекхдалале.