ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра "спецназан университетан" ах ахча Кадыровн гонерчу совдегаран структурашкара кхочуш ду


Гуьмсера "спецназан университет"
Гуьмсера "спецназан университет"

Украинерчу тIамехь дакъалацийта "лаамхой" олурш кечбечу Гуьмсера "спецназан университето" 2022-чу шарера 2023—чу шаре кхаччалц 980 миллион сом дайина. Оцу ахчанан ах дакъа кхаьчна мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан йуьртахочуьнгара, цуьнан гонера Альвиев Мовсадигара, йаздо "Важные новости" ресурсо.

ГIирсан каракхаьчна автономин коммерцица йоьзна йоцчу "Спортан-кхийсархойн "РУС" центран" банкан йозанаш -юридикехь "Оьрсийчоьнан спецназан университет" (РУС) йу иза. Цу тIера къаьстина, 260 миллион сом гергга организацино ша даьккхина хилар, хадархойн компаниш Iамош. Амма ахчанан коьрта дакъа 450 миллион сом – кхоллархочо, "Республикан УК" АО-с делла ду.

"Республикан УК-на", шена догIучунна, кхаьчна, РУС тIехь йолчу латтан долахочуьнгара АО "Мастерера" 850 миллион сом "заем". "Мастерна" кхаьчна 900 миллион сом йоккхачу нохчийн гIишлошйойтучу АО "Инкомстрой" компанигара.

"Важные истории" гIирсан хаамашца, Альвиев мовсади "Мастеран" директор ву, 2022-гIа шо кхаччалц "Инкомстройн" куьйгаллехь вара иза.

Карладоккху, стохка марсхьокху-баттахь Кавказ.Реалиина иштта гучуделира оцу организацийн уьйраш хилар: цу хенахь "Мастер" компанин долахо, "Республикан УК-н" директор а, иштта РУС-н директор а вара Ставрополера вахархо, "Альфа" ФСБ-н спецназан ветеран Чудан Алексей. Зазадокху-баттахь РУС-н директоран даржехь волу Ахмадов Iабдулла хийцавелира Чуданца, кхин а ши бутт баьлча и дарж кхечира Дадашев Адаме. Цу шина а бизнесхочух йиллинчу хьасташкахь информаци Iаламат кIезиг йу.

Хьалха Кавказ.Реалии сайто йаздира, Альвиев Мовсади иттех компани кхоьллинарг хиларх, иштта Нохчийчоьнан шахьарахь тIекIел гIишлош йинчу "Грозный-Сити" компанин коьрта директор а иза хиларх. 2015-чу шарахь, Нохчийчоьнан урхалхочун "альтернативе казна" лоручу Кадыров Ахьмадан цIарахчу гIоьналлин фондера 90% дакъа кхачийра Альвиевн ООО "Грозный-Ситина". Изза компани йара Кадыров Рамзанан доларчу резиденцина гонахарчу лаьттан долахо. Хаамийн гIирсашкахь Альвиев Нохчийчохь уггар а воккха девелопер ву олу, иза ву махкара нехийн рынок лелош, ткъа 2021-чу шарахь пачхьалкхера ийцира цо уггар а лахарчу мехах "Электросвязь" зIенан оператор. "Важные истории" ресурсан лараршца, 2011-чу шарера схьа дуьйна Альвиевга кхаьчна пачхьалкхан мел лахара а 20 миллиард соьмана контракташ. Альвиев Мовсади вина КадыровгIар баьхначу эвлахь, хьалха ЦIоьнтара йара и – хIинца Ахмат-Юрт.

Федералан пачхьалкхан цIарах йасакх оьцучу урхаллин сайтехь бинчу хаамца, 2022-чу шарахь организацина кхаьчна "лаамехь делла" 349 миллион сом, царна хилла пайда – 116 миллион сом ду. И терахьаш кIезиг ду, "Важные истории" гIирсо билгалдаьхначул а, делахь а, 2022-чу шарца доьзна ду. "Важные истории" ресурсо гойту 2023-чу шарахь хилла цхьа дакъа финансийн гайтамаш а цхьаьна. Кавказ.Реалии редакцин зерашца, 2021-чу шарахь "спецназан университето" дайина 66 миллион сом.

  • "Оьрсийчоьнан спецназан университет", цуьнан базехь кест-кеста Росгвардин а, ОМОН-н а эскархой Iамош белахь а, цхьана а ницкъаллин урхаллина чуйогIуш йац. Кехаташца коммерцица йоьзна йоцу организаци лору и. Оцу клубан йу Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь Украинана дуьхьал тIом болийчхьана йоллу пачхьалкхера лаамхой кечбен йоккхачех плацдарм хилла дIахIоьттина "университет". Хаамаш бора, хIора кIиранахь тIамехь дакъалацийта цигахь 200 "лаамхой" олурш кечбо бохуш.
  • Стигалкъекъа-баттахь "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" дIабаьхьира керлачу тоьпан гайтам. Дийцарехь, оьрсийн Bespoke Gun герзанчийн компаница цхьаьна йина йолчу. Цу компанин долахо ву Кужель Владислав, Чайка Артеман хилла белхан накъост. Артем Чайка - Кадыров Рамзанан хьехамча, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан Чайка Юрийн кIант ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG