ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Талламан комитет реза ца хилла ЯнгулбаевгIарна депутата тийсина кхерамаш талла


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална Пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама массарна а хезаш тийсина кхерамийн хьокъехь таллам болон бух ца карийна Нохчийн республикехула йолчу талламан комитетан урхаллина.

"ВЧК-ОГПУ" телеграмерчу каналехь билгалдаьккхина ма-хиллара, и сацам бина ЯнгулбаевгIеран доьзалера цхьамма а депутат жоьпе озор доьхуш арз дина ца хилар тидаме а эцна. Ткъа хеттарш дан а, баккъала а церан кхерамазаллина сагатдан бух хилар билгалдаккха аьтто бац, хIунда аьлча, и доьзал болу меттиг къаьстина яц, яздо нуьцкъахоша. Контролан а, талламан декъан лакхарчу инспекторо Закаевс яздина оцу кехатна кIел куьйг.

Билгалдоккхуш ду, ЯнгулбаевгIеран вежарех цхьаъ, ИбрахIим, дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилар. Ткъа Абубакаран а, ИбрахIиман нана Мусаева Зарема Дечкен-бутт болабелчахьана Нохчийчохь лаьцна латтош ю.

Дагадоьуьйту, Чиллан-бутт болалуш Делимхановс инстаграмехула эфире а ваьлла Янгулбаев Абубакаран гергарчарна а, иштта шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а уьш бойъур бу аьлла, кхерамаш тийсира. "Шуна хаийла, дийнахь а, буьйсанна а тхайн синош, бахам, тIаьхье а ца кхоош, оха шу лоьхур ду, шун кортош а даьхна, шу хIаллак даллалц. Боккъала а, тхан шуьца мостагIалла а, чIир а ю! Иза хьакхало хIара видео оьрсийн матте гочйиначарах а...", - аьллера оцу хена Делимхановс.

Пачхьалкхан думан комиссин куьйгалхочун депутатийн этикехула волчу гIовсас Арефьев Николайс (КПРФ фракци) дIахьедира, Делимханов Адаман дешнаш Коьртачу прокуратуро талла деза, аьлла. Оцу хеначохь Коьртачу прокуратурано Пачхьалкхан думан депутатийн этикехула йолчу комиисина тIедиллинера и хьал листар – талламан жамIаш хIинца а хууш дац.

  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIайигира, теше санна хеттарш дан. Дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цултIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьала – дийцарехь, протокол хIотточу полисхочунна тIелетта, аьлла бехкейина.
  • "Медиазонан" а, The Scanner Project гIирсан а цхьаьна бинчу талламца а догIуш, Делимханов Адам ву Немцов Борис верна чубоьхкинчаьрца телефонехула зIенехь хиллачех цхьаъ: иза веле масех де хьалха а, вийначу динахь а, иштта иза виначул тIехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG