ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу  а хьаькамийн беза бахам хаабелла Дубайхь - таллар


Дубай, гайтаман сурт
Дубай, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нехан долахь хилла Дубайхь беза чу-ара ца баккхалун бахам, информаци цхьаммо Iораяккхарца къастийра"Важные новости" ресурсо, и толлуш бара кеп-кепарчу мехкашкара 19 хаамийн гIирс.

Къаьсттина, Forbes журналан оьрсийн тептарера совдегаран Байсаров Русланан, зорбанаша Кадыровн "бохча" олу цунах, 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш. Стенна оьшу цунна Дубайхь оццул хIусамаш, цо латториг Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а лерина бахам буй шега журналисташа хаьттича, бизнесхочо жоп ца делла.

Иштта, "Важные истории" ресурсан хаамашца, мел лахара а 2020-чу шеран Дечкен-батте кхаччалц Дубайрчу бахаман да вара Сабсаби Мухьаммад, иза воI ву Нохчийчоьнан цIарах сенатор лаьттинчу Сабсаби Зиядан – карарчу хенахь Оьрсийчоьнан президент волчахь йоллу бакъонаш йолуш, республикан векал ву иза. Кадыровн уллорчу хьаькаман кIентан цIартIехь Джумейра Пальма гIайри тIехь апартаменташ а, вилла а карийна журналисташна. Диъ миллион долларш мах бу цу бахаман.

Дубайн тептар олучу юкъахь кхин а цхьа стаг ву – Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча Ясаев Ахьмад. Журналисташа билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ППС-н полкан командирана тIера министран гIовсан а, мехкан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин Кхеташонан секретаран даржашка а кхаччалц белхаш бина ву иза. 800 эзар долларш мах болу Дубайра апартаменташ ю Ясаевн цIартIехь.

"Важные истории" ресурсо иштта хьахийна Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо волу Геремеев Сулейман а. 2019-чу шарера схьа дуьйна цо лелош ю, Дубайрчу петаран долахочух болчу хаамашлахь дIаязйина мобилан телефонан номер, петаран мах бу 360 эзар долларш.

Пальма Джумейра гIайри тIерачу апартаментийн да хилла ву, мел лахара а 2020-гIа шо тIекхаччалц, журналистийн хаамашца, Нохчийчуьрчу ФОМС-ан фондан директоран гIовс, къона говзанча Алханов Адам. Цуьнан чу-ара ца баккхалучу бахаман мах хадийна 700 эзар долларш. Алханов – чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан - Кадыров Рамзанан юьртахочун- кIант ву.

"Дубайн тептарехь" хьахийна Дагестанера масех хьаькам а. Умаханов Сайгидпаша, "Единая Россия" партин цIарах Оьрсийчоьанан парламентехь депутат волу. "Важные новости" ресурсо яздарехь, 700 эзар долларшкахь мах болу петар ю цуьнан.

Кхин а цхьана, дагестанхойн депутат лаьттинчу Маграмов Iабдулмажидан цIартIехь хилла миллион сов долларшкахь мах болу хIордан йистера люксан резиденцера хIусамаш. Цул совнах, 88,5 эзар долларшкахь мах болу 39-зза тIекIелйинчу V3 Tower гIишлочохь хIусамаш хиллера Дагестанерчу кIошташна юккъерчу пенсхойн фондан урхаллин куьйгалхочун (мел лахара а 2021-чу шарахь) Гаджиясулов Махачан.

Дубайрчу шайн бахамех лаьцна цкъачунна комментареш йина яц Оьрсийчоьнан политикаша а, хьаькамаша а, пачхьалкхан структурийн куьйгалхоша а, совдегарша а, билгалдаоккху "Важные истории" гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG