ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу бахархошна а, адвокатна а юкъахь дов даьлла Москварчу берийн майданахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Адвокато, юридикан Iилманийн докторо Герасимов Павела дIахьедина, Москварчу берийн майданахь итт нохчочо йиттина шена аьлла, ткъа Нохчийчохь чIагIдо, дуьххьара Герасимов ву берана тIелеттарг бохуш.

"Мосфильмовский" цIе йолчу нах бехачу элитан комплексан уьйтIахь иккхина конфликт. Герасимовс бахарехь, цхьахдолчу беран дас, эхье меттигех куьйгаш Iитта мегар дац аьлла, шен кIантера бехк баьккхича, гIоьнна гергарнаш схьакхайкхинера. Уьш адвокатана тIелеттера, иза лаьтта охьа а виллина, мийраш биттинера цунна, боьха мотт лебеш, иза а, цуьнан кIант а, боллу доьзал а хIаллакбийр бу бохуш, яздо "Лента" гIирсо.

Герасимовс чIагIдарехь, цхьана сахьтехь гергга, полици схьакхаччалц йиттина цунна. Экономикан зуламашца къийсам латточу Декъан белхахой ду шьаш аьлла цара цаьрга, кхерамаш тийсина адвокатана, наркотикаш туьйсур ю шаьш бохуш, гIоьртинера таса а.

Дарбан цIийнехь адвокатан чуьра органаш а, корта а лазийна аьлла, дIаяздина. Иштта, Герасимовс чIагIдо, шен пхьаьрсах хилла Omega деза сахьт а дайна шен.

ЧГТРК "Грозный" телехьожийло хиллачух лаьцна кхин верси йолуш репортаж арахецна. Мехкан журналисташа чIагIдо, Герасимовс шен вукхарел а воккхаха волу кIант а, кхиндолу бераш а иркарахIиттош хиллера,ялх шо долу С.Докка нохчо вуй хиъначул тIаьхьа, цунна тIелата бохуш.

"[Герасимов] тIелетта кIантана, иза лаьтта охьа а виллина, йиттина цунна, цул тIаьхьа легаш Iийдина. Цуьнан карара вала аьтто баьлла кIант, гIо а доьхуш, ведда. КIанта дийцина, Герасимовс нохчийн боьха хIума элира шена, ша са дукъор ду а бехира аьлла", - кIентан девешин Солтаев Рустаман дешнаш далийна телеканало.

Травмотолого бинчу талламца, къамкъарг ю кIентан лазийна, дуккха а лезийна чевнаш ю цуьнан некхан уьнтIехь, хье лазийна.

Герасимовс бахарехь, тIелеттачаьрца къамел дар доцург, полицино кхин дина хIума дац.

Герасимов Павел – Оьрсийчоьнан хьакъволу адковат ву, дуьненаюкъара а, хIаваан а, криптобакъонан а дакъошкахула говзанча ву иза. Оьрсийчохь а, Украинехь а, Канадехь а болх бан адвактан лицензи ю цуьнан, цо Iалашйина Сочихь доьхначу Ту-154 а, Мисарахь А-321, Шереметьевохь SSJ-100 доьхначу кеманийн бакъонаш.

  • Ставрополан кIоштарчу Ессентукихь меттигера вахархочунна Гармашов Евгенийна къиза йиттинера. Тешаша бахарехь, цунна тIелеттачо дIахьединера, ша ФСБ-хь болх беш ву.
  • 2020-чу шеран Марсхьокху-беттан 23-чу буса Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархоша йиттинера "Бауманская" метрон социйлина гена йоццучу меттигехь 34 шо долчу Сутуга Алексейна. Гезгамашин-беттан 1-чохь велира иза Склифосовскийн институтехь.
  • Туркойчохь бевзаш боцчу наха йиттира нохчийн Гикало эвларчу полицин декъан куьйгалхо хиллачу Эдилов Бесланна. Цара чIагIдо, диаспоран цхьахволу векал вен тIедиллина хиллера цунна бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG