ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу эскархоша Мариуполан бахархошна лечкъийна Украинера сурсаташ декъна


Мариуполь, Украина
Мариуполь, Украина

Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь ара а хецна, ткъа юха дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран ду боху гIо кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Каналера видео къайлаелира, эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтича.

Оцу тIехь гуш ду, дуккха а петарш йолчу гIишлонна уллохь эскархоша гIагIдиллина машен яссош – ткъа деман тIоьрмагашна а, йоьхьашна а тIеяздина украинхойн йоза къаьста – "Борошно" а, "Лiкарська" а.

Масала, Bellingcat зорбанан журналист-талламчас Христо Грозевс бахарехь, иза Мариуполан бахархошна кадыровхоша лечкъийна сурсаташ декъна хиларан тоьшаллаш ду.

Официалан Соьлжа-ГIалано цхьанне агIор хиллачух ца кхетийна.

  • Хьалхо Буча, Гостомель, Ирпень гIаланашкахь дукха маьрша нах байъарна кадыровхой бехкебира украинхойн Iедало. Масала, Украинан президентан офисан куьйгалхочун хьехамчас Арестович Алексейс гIардаьккхинчу 13 оьрсийн дакъошна тIехь долу кехата тIехь ю 141-г1а Кадыров Ахьмадан цIарах йолу лерина полк.
  • Цхьана баттахь сов оьрсийн эскарша дIалаьцна хилла Киевна къилбаседа-малхбузехь Iуьллучу Буча гIалахь байъина бIеннашкахь нах бара. РогIерчу нехан духар дара царна тIе доьхна, цхьахберш шайн гергарчарна бевзина. Царах цхьа дакъа, къаьсташ ма-хиллара, тохарш дечу юкъанна белла, йа минаш тIехь лилхина. Амма суьрташ тIехь куьйгаш дихкинчу нехан догIмаш ду гуш. Арахьарчу гIуллакхийн министраллин хьалханчас Кулеба Дмитрийс бахарехь, оьрсийн эскарш Iазап латторна, къоланаш дарна, меттигера зударий хьийзорна а бехке бу. Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIе ца лоцу и дерриг бехкаш.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.
  • Охан-беттан 4-гIа де - Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъалгIа де ду. Дахначу дийнахь-буьйсанна Одесса, Николаев гIаланашна тIе ракетан тохарш дина, Днепропетровскан, Донецкан, Луганскан кIоштанашна тохарш дар дац соцуш. Оьрсийчоьнан эскарша дIалецначу Украинан къилбера масех гIаланашкахь юха а Оьрсийчоьнна дуьхьал гуламаш хилира Охан-беттан 3-хь. Украинан Iедалхоша дIахьедо, Украинан къилбехь, малхбалехь, Мариуполехь шога тийсадаларш ду хила дезаш - Оьрсийчоьнан агIоно дIахьош долу тобанаш дIасакхийсар чекхдаьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG