Дахначу кIиранах травматикан герзаца Нохчийчоьнан вице-премьеран Усмаев Вахьитан кIантана Усмаев Расулна чевнаш йина ГIалгIайчуьра вахархо Аушев ИбрахIим цIахь лаьцна витина. "Интерфаксо" бина и хаам, ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Бакъо талхорах материалаш полицино регионерчу Талламан комитете дIахьовсийна, Аушевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхарх хаттар листа.
ГIалгIайн Яндарехь Нохчийчуьрчу машенлелорхочо некъа тIехь пассажираш чохь болчу микроавтобусна хьовзам баккхарца иккхина ю цу шинна юкъахь конфликт. Даьлла дов летаршка дирзира, оцу тасадаларшкахь лазийна Усмаев.
Аушев ИбрахIиман дас дIахьедина журналисташка, шен кIант Iалашвала гIоьртинера, цуьнан бакъонаш хьоьшуш ю аьлла. Иштта хаамбо, конфликт ерзорехь динан векалш а юкъагIортарх а.
Хьалхо яздора зорбанашкахь, конфликтан шина а агIонан вовшашка претензеш яц, полицига дIа а ца хьедина, Аушев бехкаш ца дохкуш цIа вахийтина аьлла.