ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Iедалхоша "бакъонашларъяран гIуллакхана" 2021-чу шарахь дайъина ворхI миллион сов сом

Нохчийчоьнан урхаллин пачхьалкхан тIедилларшца йолчу Кхеташоно 2021-чу шарахь ялх контракт тIечIагIдина адамийн бакъонехула долу хаарш совдаха хьажийна барамаш хIиттон. Дерриг вовшахтоьхча оцу Iалашонна дайъинарг ду ворхI миллион сов сом.

Иштта, Охан-баттахь хилла 1,2 млн соьмана тендер лерина яра "Адамийн могушалла Iалашъяран а, лоьрийн гIо дIакхачоран бакъонаш ларъеш кхочушъяр" цIе йолу горга стол хIоттон а, иштта "Адамийн бакъонаш хаамийн гIирсашкахь. Бахархойн бакъонан культура ойъуш хаамийн гIирсийн гIуллакх", "Европан адамийн бакъонийн а, маршонан конвенци" семинараш вовшахтоха а, "Адамийн бакъонехула журналистика" цIе йолчу хаамийн гIирсашна лерина мастер-класс хIоттон а Iалашонашца.

Оцу тайпа тендераш, хIора а миллион соьмана, Оханан, Мангалан беттанашкахь а хIиттийнера. Царна юкъа йогIучу акцех цхьаъ яра "Зуламна бехкебийраш, чубоьхкинарш латточу меттигашкахь адамийн бакъонаш ларъяйтархьама кхоччуш юкъараллин контроль яр" горга стол. Гезгмашан-бутт болалуш тIечIагIдина контракт дара кхин а дукха ахчанна – 1,2 млн соьманна. Цуьнан хьокъехь "Бахархойн маьрша хиларца, адамашна тIецакховдарца а йоьзна бакъонаш кхочушъяр" горга стол хIоттийра.

Гезгмашин баттахь кхин а шиъ контракт тIечIагIдира. Царах цхьаъ дра иштта миллион соьмана, цуьнан хьокъехь дIаяхьа езаш яра харжаман кампанина тIехь тидам латторан акцеш а, талла дезаш дара харжамаш тIекхачале республикехь лаьтта хьал. ШолгIачу контрактан документашца а догIуш, 1,8 млн сом хьажийна горгачу стоьлашна "Бахархойн маьрша хиларца, адамна тIе ца кховдарца а йоьзна бакъонаш кхочушъяр" а, "Беран шен де-ненаца а, гергарчаьрца юкъаметтиг лелон бакъо".

Тендерийн къовсамехь тоьлларш бара Грозненскан кIоштан Коьрте эвлара (Горячеисточненская) бахархой Батукаев Рахьман а, Элимбаева Себила а.

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакарна хетарехь, республикехь бакъонашларъяран барамаш хIиттабо бохург "доцург санна хеза, туьйра санна".

"Суна гуш дерг ду адамийн бакъонаш ларъярехула долу хьал а, бахархойн юкъаралла кхиар а Нохчийчохь галдаьлла, тишделла догIу. Нисса селхана вайн гира иза – эзарнашкахь нах схьагулбинера гIалин юккъехь, цара XII-чу бIешарехь санна цIергахь дагадора суьрташ, хезара байъа беза боху кхайкхамаш. Соьга хIора денна кхочу Нохчийчуьра иттанашкахь хаамаш, ирчачу кепехь адамийн бакъонаш хьешарх лаьцна", - билгалдаьккхина Янгулбаевс.

Цунна хетарехь, Iедало хIитточу оцу горгачу стоьлаша а, барамаша а Москвана а, юкъараллина дIагайта деза Нохчийчохь "адамийн бакъонаш ларъеш ю аьлла. Амма иза ма-ярра фарс а, бюджетан ахча эрна дайъар ду".

  • Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, и доьзал бу Кадыровн критика ечу анониман 1ADAT телеграм-канал лелориг. Митингехь дагадора, хьоьшура, этIадора ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ, иштта нисса дIа кхерамаш а туьйсура царна. Нохчийчоьнан Iедалхоша бахарехь, гулвелларг вара 400 эзар стаг. Ткъа боьзнабоцу тергамхойн хаамца, и нах ткъозза кIезга бара.
  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.
This item is part of
XS
SM
MD
LG