ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу кхело кхин дIа а лаьцна вуьту Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а


Салехь Магамадов а, Исмаил Исаев а
Салехь Магамадов а, Исмаил Исаев а

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело сацамбина карарчу беттан 6-чохь вежарий Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а лаьцна вуьтуш. И шиъ бехкево гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бакъонашларъярхошна гIуллакх политикан бух болуш хета.

Лакхарчу кхелан кхеташонехь ладуьйгIира ТIехьа-Мартанарчу кхелан кхеташонан аудио протоколе, цу юкъара, адвокато латкъамбина процессуалан къепе йохорах дакъа, дIахадийнера. Кавказ.Реалиига дийцина цунах лаьцна процессана тIехь терго латточу бкъаонашларъяран кризисан "СК SOS" тобано.

Бехкебийраш шаьш дакъалоцуш хилла оцу кхеташонехь видео зIенехула. Лацар юха а ца доккхуш, Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело жоп делла адвокатан латкъамна, шина вешина дIасавалар доьхкуш юха а гIуллакх листар хьалхарчу кхеле дIа а хьажийна. Итт бутт сов зама ю Исаев а, Магамадов а чохь валлон. ГIуран-беттан 21-чохь мацалла кхайкхийра вежарша, шайн дов хаттар Нохчийчуьра кхечу регионе дехьадаккха дуьхьало йича. Даймахкахь кхел бакъонца йийр ю аьлла, дегайовхо яц цу шиннан. Ши кIира даьлча мацалла сацийра цу шиммо.

  • 20 шо долу Магамадов Салехь а, 18 шо долу Исаев Исмаил а ши ваша ву. Дуьххьара лецира и шиъ 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь юха а лаьцна, Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
  • Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а бехке вира низамашца йоцучу тIеман тобанна гIо дарна. Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхуьлуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедира, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.
  • Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира, "шаьшшинна ницкъ бина, бохуш латкъамаш а беш, Магомадов а, Исаев а шайн гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ ву, Къилбаседа Кавказана юкъайогIуш йоцчу кхечу регионе дехьаваккхийта дагахь, шаьшшинан ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш" аьлла.
  • "Мемориал" бакъонашларъяран центро (арахьара агентийн реестрна юкъахь ю иза, организаци реза ца хилла цунна) политикан тутмакхаш лерина Магомадов Салехь а, Исаев ИсмаьIил а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG