ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу МВД-н куьйгалхочун Алхановна инарла-полковникан чин делла Путина


Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан, Алханов Руслан а

Путин Владимира инарла-полковникан чин делла Нохчийчухула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Алханов Русланна. Омра арахецна Стигалкъекъа-беттан 27-хь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан юьртахо а, цуьнан цхьахйолчу йоьIан марда а ву Алханов – 1962-чу шарахь ЦIoьнтaрахь вина ву хьаькам Нохч-ГIалгIайн АССР-хь. Иза республикан МВД-н куьйгалхочун даржехь волу 18 шо ду, 2004-чу шарахь дуьйна. Цул хьалха, 1999-чу шеран ГIуран-баттахь, муфтийн Кадыров Ахьмадан (Кадыров Рамзанан ден) хадархойн сервисан хьалханча вара иза, тIаьхьо Нохчийн республикан администрацин куьйгалхо аьлла цIе йоккхура цуьнан даржан. Алханов "дайшкара схьа ницкъахо" лоруш ву – цуьнан ден да советан Iедалехь НКВД-хь болх бина ву, цунах лаьцна ша Кадыровс дIахьединера.

"Дождь" телехьожийлан хаамашца а догIуш, Алхановн хIусамнана Тамара Борисовна (ГIалгIайчоьнан хиллачу президента Аушев Руслана бахарехь, гIалгIа ю иза) Москвахь ехаш ю аьлла дIаязйина ю, иштта шен кхаа кIантаца "Ближняя дача" олу нах бехачу элите комплексехь ши петар ю церан долахь.

"Важные истории" хьостан хаамашца, Алхановн Нохчийчуьра медицинан ларваран территориалан фондан куьйгалхочун гIовс волчу кIентан Адаман долахь, мел-кIезиг а, 2020-чу шаре кхачалц, Палма Джумейра олу гIайренна тIехь петар яра. Цуьнан хIусамийн мах 700 эзар долларал сов бу.

Алхановс чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина куьйгалла дан долийчхьана, Нохчийчуьра МВД-н белхахой жигара буьйлира Кадыровн ражна критика еш болу нах лечкъон, царна Iазап латтон – цул сов, хьаькамо къобалдо иза леладар.

  • Охан-баттахь президента Путин Владимира пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам Оьрсийчоьнан Турпалхочун дарже воккхуш омрана кIел куьйг яздира. Иза даран бахьана хилира "леринчу тIеман операцехь стогалла а, турпалалла гайтар". Делимханов оппозиционераш байъарца воьзна лору – шайн декъехь Немцов Борис а волуш.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омраца инарла-летейнантан чин делла. Цунах лаьцна шен "ВКонтактерчу" агIонехь дийцина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада, цо билгалдаьккхина, "Нохчийн Республикехь дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьало латторехь а, Оьрсийчоьнан цхьаалла ларъярехь а Кадыровс бинчу белхашна сов мах хадон хала ду".

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG