ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера лаамхой шогачу кепехь дIалеца аьлла тIедиллина Нохчийчуьрчу ницкъахошна


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан куьйгкIелара эскарш. Соьлжа-ГIала

Нохчийчухула йолчу МВД-н министран гIовсо Ирасханов Аслана дIаязйина хила мегаш йолу аудио арахецна бакъоларъярхоша. Шен куьйгкIеларчарна цо тIедуьллу Украинера цIабаьхкинчу лаамхошна а, Европера цIабирзинчу нохчашна а хьокъехь "гIуллакх дIадолон" – жимма Iедална дуьхьал валаран билгалонаш гучуяьлча "шога дIалеца" бохуш дуьйцу аудио тIерчу стага.

Кхайкхам нохчийн маттахь бу, цуьнан гочдар 1ADAT боламо а, "Вайфонд" бакъоларъяран ассоциацино а арахецна. Дечу къамелаца дуьстича, нохчийн ницкъахоша Теркан-кIоштан вахархо Бисултанов Мохьмад верца доьзна дара и аудио арахецар. Хьалхо хаамбора, иза Бельгин вахархо хилар, Нохчийчу юхавирзича оппозицихочунна санна тIехьбевлла хиллера цунна – Стигалкъекъа-беттан 24-хь ницкъахой рогIера цуьнан хIусаме баьхкича, царах цхьанна уьрсаца чов йина хилла цо, шен зудчунна уьш тIекхийда хIиттича. 1ADAT-н хаамашца, Бисултанов герз диттина вийра, ткъа цуьнан хIусамнана а, доттагI а лачкъийра.

"Теркан кIоштахь хилларг шуна хууш ду. ХIинца цуьнан шича а урс хьала а даьккхина вада гIоьртина, амма лаза а вина дIалаьцна иза. Тахана цаьргахь арсаш бен дац, амма юхабаьхкинчу лаамхошкахь оьккхуьйтурш а, тапчаш а хуьлу. Церан кара герз кхачахь цара боккха бохам бийр бу, шун кIоштанна боккха эшам хир бу, шу юьхь Iаьржа хIуьттур ду. Шайн белхахошка шогачу кепехь болх байта, муьлхха а [Кадыровн ражна дуьхьалончах] тера вогIург схьавалавайта", - боху аудио тIерчу озо. Къамелдечо бахарехь, республикехь низам лардаран хьукматийн кхеташо ю хIоттон езаш, амма и гIуллакх цигахь хьехор дац – цундела тIедилларш аудио чухула дIаолуш ду.

1ADAT боламо тIечIагIбо вийначу Бисултанов Мохьмадан шича дIалацарх болу хаам – жигархоша бахарехь, вуьйцург Исламов Мохьмад ву. Куьйг лазийна хиларна цунна дуьххьара гIо деш сурт гайтина бакъоларъярхоша.

  • Стигалкъекъа-беттан юьххьехь Нохчийчухула волчу чохьарчу гIуллакхийн министран гIовсас Ирасханов Аслана рогIера "лаамхойн" тоба Украинерчу тIаме хьажочу хенахь, цаьрга талораш ца лелор дехна.
  • Бакъоларъярхоша хьалхо масийттаза дIахьедира, Нохчийчуьра Украине хьийсош болу "лаамхой" бу бохурш нуьцкъаха хьийсош хилар – республикехь шортта божарий дIагулбо, царна бехктакхаман гIуллакхашца кхерамаш туьйсу, тIаме баха реза ца хилахь.
  • Стигалкъекъа-бутт юкъабаьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикера Украине маса эскархо вахийтина дуьххьара официалехь дIахаийтира. Цо билгалдаккхарца, вуьйцург кхо эзар гергга стаг хилар. Кхул а масех де хьалха Украинан тIеман министралло зорбане даьккхира, Зазадокху-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц Украинерчу тIаме хьийсийначу кадыровхойн а, лаамхой олучийн а тептар - цу тIехь 2 425 цIе ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG