ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу шина вешин гIуллакхна юкъагIорта, аьлла дехна Американ Iедалхошка 100 эзар сов стага


Магомадов Салахь а, Исаев Исмаь1ил а Соьлжа-Г1аларчу кхелехь
Магомадов Салахь а, Исаев Исмаь1ил а Соьлжа-Г1аларчу кхелехь

"Чолхе хьал: нохчийн шиъ жима стаг валарна кхерам бу" цIарца дуьненаюкъарчу ЛГБТ-н бакъонаш ларъяран All Out платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла 100 эзар сов стаг. Тайп-тайпана мехкашкара бахархоша доьху Американ Iедалхошка глобалан дипломатих а, дуьненаюкъарчу зIенех а пайда а оьцуш Соьлжа-ГIалахь чохь латтон ши ваша, 20 шо долу Магомадов Салахь а, 17 шо долу Исаев ИсмаьIил а кIелхьараваккхар.

Петицехь билгалдоккху, 2021-чу шеран Чиллан-беттан 4-хь, ши ваша дIалаьцначу дийнахь, Американ президентан Джо Байденан кхайкхамца вистхилира, иштта цо кехатна кIел куьгъяздира Американ а, цуьнан арахьара а гIоьналлин программашна ЛГБТ-н бакъонаш Iалашъярна тIехь болх совбаккхар тIе а дожош.

МагомадовгIеран вежарийн гIуллакх дIахьочу "СК SOS" цхьанакхетараллехь Кавказ.Реалиига бинчу хаамца а догIуш, Чиллан-беттан 11-чу дийнахь кхелехь дийцаре дан дезаш ду и гIуллакх, ткъа сацам тIеэца тарло масех де даьлча.

"Магомадов а, Исаев а – политикан тутмакхаш ву, цушинна дуьненахьежамаш а, ориентацига йолу гамо а бахьанехь хьийзош ву и шиъ. Церан бехк бац, сихха маьрша ваккха везаш ву и шиъ", - билгалдаьккхина кризисан цхьанакхетараллехь.

Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а ши ваша ву, царах цхьаъ гей ву, ткъа важа кхечу гендере дехьавала кечам беш хиллера. 2020-чу шеран Чиллан-баттахь и шиъ Нижний Новгородерчу кризисан петарчуьра вадийна Нохчийчу дIавигира. Дийцарехь, Соьжа-ГIала дIакхаьчначул тIаьхьа царна тIехь таIзарш деш гIело латтийра, камерана хьалха бехказа вийлийтира и шиъ Iедална критика ечу Osal Nakh 95 телеграм-каналана модераци ярна.

  • Дахначу шеран Марсхьокху-баттахь вежарша дIахьедира, бехкаш тIелаца бохуш, шайна тIехь гIело латтош ю, аьлла. Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллехь реза ца хилира и гIело латторна бехктакхаман гIуллакх долон.
  • Магомадовс, Исаевс шайн гIуллакх таллар кхечу регионе дехьа даккхар доьхуш арз дира, царна хетарехь, Нохчийчохь дIахьо кхел озабезаме ца хиларе даха дог дац. Кхело арз къобал ца дарна дуьхьал мацалла кхайкхийра вежарша, оцу хьолехь Iийра и шиъ Дечкен-беттан 9-гIа дийне кхаччалц. Дечкен бутт чекхболуш Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело тIаьххьара тIе ца ийцира оцу хьокъехь кховдийна арз.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчохь арахьара агент лерина ю иза, амма оцу сацамна реза яц) Магомадов а, Исаев а политикан тутмакхаш лерина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG