ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу йохкархочунна тIелеттачу Москварчу депутато меттиг хийцина, шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийчуьрчу 68 шо долчу йохкархочунна метрона уллохь ша динчу тIелатарна, цул тIаьхьа Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама телефон тохарна а тIехула социалан машанашкахь кхерамаш тийса болийча, шен петар хийцина Москварчу Мещанскан кIоштарчу Кхеташонан депутато Закускин Александра.

Москварчу Машаран проспектерчу маьждигна хьалха йоьхьаш духкуш хиллачу Юсупхаджиева Селимина тIелеттера Закускин Александр. Юсупхаджиевас бахарехь, цуьнан яьшки тIе мийра бетта волавеллера Закускин, ша "Нохчийчу депортаци йийр ю" а аьлла, цул тIаьхьа бурчан баллон юьхьтIехь тоьхнера – цуьнан бIаьрг багийна. Цул тIаьхьа Закускине телефон тоьхнера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан параламентехь волчу Делимхановс, цунна "урод" а олуш.

Закускин ша вехаш хилла меттиг хийца декхаре хиларх яздина Znak.com ресурсо. Делимхановс телефон тоьхначул тIаьхьа "Единая Россия" партин декъашхочо дIахьединера полицига, социалан машанашкахь шена кхерамаш тийсарх. Иштта Закускина гечдар доьхуш, видео а дIаязйира, дахаран хьелашца йоьзна конфликт яра аьлла.

"Вайн коьрта гIаларчу Мещанскан кIоштахь со депутат волу 10 шо сов хан ю. Чиллан-беттан 10-чохь дов даьллера сан Абдурашидова Селимица. Цуьнга сайна гечдар деха луур дара суна. Кхин цкъа а билгалдаккха лаьа суна, конфликт дахаран хьелашна тIехула нисйеллера, къаьмнийн башхаллашца йоьзна яцара", - боху "Единая Россия" партин векало.

Baza гIирсан хаамашца, оцу инцидентана тIехула хенал а хьалха Мещанскан муниципалан кIоштан куьйгалхочун даржера иза дIаваккха дагахь бу. Бозуш боцчу депутатийн тобано юкъаяьккхина иштта проект.

  • Кху деношкхаь Москварчу политико, Пачхьалкхан Думе кхача гIиртинчу Вихарева Эльвирас Нохчийчоьнан куьйгалхочьунга йистхуьлуш, видео дIаязйира, хаттар деш: "ХIинца цуьнан а [депутатан Закускинан]" корта боккхур бу ахь?"
  • 2018-чу шарахь зорбанашкахь яздора, депутат вехачу цIа чохь йолчу исбаьхьалин школе деша еанчу Москван яхархочунна Закускин тIелатарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG