ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Бамут а, украинхойн Бахмут а. Мехкан бахархоша – гIала йаккхарх


Украинхойн Бахмут, 2023-чу шеран чиллан-беттан 27-гIа де
Украинхойн Бахмут, 2023-чу шеран чиллан-беттан 27-гIа де

Оьрсийчоьнан эскар Бахмутехь шайна Украинан ницкъаша йен дуьхьало эшон гIерта бархI бутт гергга хан ю. Республикехь хьалхара тIом боьдучу заманчохь йаккха ца луш йисинчу нохчийн Бамут эвлан кхоллам бу оцу гIалано юха гойтург. Тахана украинхойн гIала Iалашйеш бу масех батальонийн дакъошкахь нохчий.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Оьрсийчоьнан тIелатар Бахмутан кIоштахь сецна лаьтта, цо тоьшалла дан тарло цуьнан эскарийн гIад дайна хиларан, аьлла ду денна Британин тIеман министралло арахоьцучу хаамашкахь. Украинан коьртачу штабехь зазадокху-беттан 29-чохь Iуьйранна бинчу хаамаехь элира, Бахмутехь штурм кхин дIа а хьош ю, амма дуьхьал лаьттарш къар ца ло.

Зазадокху-беттан 29-чохь пачхьалкхан президенто Зеленский Владимира юха а дагадаийтира Бахмут шайн карахь йита шайна коьрта хиларх, хIунда аьлча, ца хуьлчу далахь, Путин Владимира "и толам Малхбузена, шен агIончана, шен юкъаралина, Китайна, ГIажарийчоьнна бухкур бу", йа Украинана "тIелаца йиш йоцу компрмиссаш" тIеэгор ю. Оцу йукъанна украинхойн эскархоша харц ца до гIала йита тардалар, амма стратегин а, цхьана ханна бина сацам и болуш санна дIахоуьйту, эххар а шаьш юха а тIелетар ду аьлла.

Украинхойн-нохчийн барт

Нохчий Бахмут йоккхучу тIемашкахь дакъалоцуш хилар билгалдаьккхира Украинан тIеман талламхойн Кортачу урхаллехь. "Нохчийн лаамхоша кхин дIа а Iалашйеш ю Украина Интернационалан легинан декъехь тIеман уггар а луьрачу меттигашкахь", - аьлла ду хаамехь. Оцу легиона юкъахь бу , Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал лета реза хилла кхечу мехкашкара бахархой а.

Украинхойн армигахьа тIемаш бен йалх нохчийн дакъа девзаш ду карарчу хенахь -социалан машанашкахь цара хIитточу хаамашца, цу юккъера дукхахберш Бахмутехь тIемаш беш бу:

  • Шейх Мансуран цIарах батальон (командир ЧIебирлойн Муслим) –Украинехьа тIемашкахь ю 2014 шарера схьа дуьйна;
  • Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир Осмаев Адам, оцу батальонехь жигара хьийза "Адаман тоба") – 2014-чу шарера схьа;
  • ОБОН ВС ЧРИ (Леррина вовшахтоьхна Къаьстина батальон, командир – Ажиев Рустам (Шишани Iабдул-Хьаьким) – 2022-чу шарера схьа;
  • Шалена Зграя "Бешенная стая" (Абдурзаков Казбек) – 2022-чу шарера;
  • SOG (СЛеррина пециальная оперативан тоба, группа, командир вевзаш вац) – 2022-чу шарера;
  • Гелаев Хьамзатан цIарах батальон (командирах лаьцна информаци йац) – 2022-чу шарера.

Иштта нохчаша дакъалоцу МК "Кавказ" ("Бусулбачийн корпус")цIе йолчу батальнехь а, иза вовшахтоьхна ю 2022-чу шарахь дуьйна.

ХIун хьал лаьтта Бахмутехь аьлла, Кавказ.Реалиино деллачу хаттарна, Шейх Мансуран цIарахчу батальонан цхьахволчу декъашхочо дIахьедира, "хIу ду, ма ду дийца хан йац" шайн аьлла.

"Кхузахь тIом бу. Хьал ЗСУ -но [ВСУ] шен контролехь латтош ду. Бахмутан йистехь вовшахлетарш а, тIетаьIIина дийнахь-бусий гIалина тIейетташ бомбанаш а ю. Ша гIала – тхан ю", - билгалдаьккхира къамел дечо, амма реза ца хилира гIала Оьрсийчоьнан эскарша гоне йерзийна боху хаамаш.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь "йоллу гIалина бина го бац", хIетте а , эскархойн таро хуьлу "дуьхьало йоцуш чубахка а, чуьра арабовла а".

Дийнна цуьнан го лацахь а, тIаккха а тхо къарлур долуш дац

Доцца дийцира иштта "Бусулбачийн корпусан" векало а – оцу батальонехь тIемаш беш нохчий, Дагестанан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан бахархой бу, иштта гIезалой а, азербайджанхой а. Къамелдийриг – Дагестанера схьаваьлла Тамерлан цIе йолу вахархо ву - цо бакъаца дира, Бахмутера арадовлучохь ду шаьш бохург.

"Денна Бахмуте доьлху тхо. ВСУ-но шен контролехь латтош ю иза. Йоллу цу гIалина го бахь а, оха къуьйсур йолуш ю иза. ГIала дIалур ю бохург, дуьйцуш данне а дац, мелхо а иза Iалашйан лерина ду тхо", - билгалдаьккхира цо.

Стохка аьхка йоллу Украинехь 500 гергга нохчех болу лаамхой бу баьхнехь а, 2023-чу шарахь церан терахь шозза совдаьлла керла дакъош бахьана долуш, дIахьедира Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада. 2022-чу шеран чиллан-баттахь дIакхайкхийра цо, нагахь санна украинхойн урхалло тIамтIе лаамхой вовшахтухуш хилахь, "Европехь иттаннашкахь эзарнаш нохчий бевр бу, дог реза долуш украинхойн халкъехьа тIемаш бан гIур болуш" аьлла.

Цо бахарехь, царна стимул хир ю Оьрсийчоьнан эскарх латар – тIамтIе баха лаам бу шайн бохуш денна шен махкахошкара кест-кеста косташ кхочу шега элира цо. Оцу кепара тIамтIе бахначу нохчийн терахь билггал хууш дац.

Оцу йукъанна дечкен-баттахь хаамбора, Украинан Интернационалан легионан декъехь йолу ОБОН, кхин а тIе шорйан тарло бригадин бараме аьлла. Закаевс дийцира, Ичкерин органаша а, Украинан тIеман министраллин цхьахйолчу урхалло а бинчу бертах лаьцна. Иштта товбеца-баттахь нохчийн батальонашкара тIемалоша дIахьедар дира, Нохчийчохь дуьхьало латтон гIаттамхой вовшахтоха дагахь ду шаьш аьлла.

Соьлжа-ГIалин реакци

Пачхьалкх Iалашйан лаамхой санна махкахой Украине бахийта лаам хиларх Закаевс Укрианан президенте дIааларо контрпропаганда йира Кадыров Рамзанна. Мехкан урхалхочо гуттар а оьгIазе тIеоьцу махкахой Оьрсийчоьнна дуьхьал тIамехь дакъа лоцуш хилар, цо чIагIдо, доллу нохчийн къам Оьрсийчоьнехьа ду бохуш.

Украинехьа тIемаш бечу махкахошкахьа цабезам бу Кадыровн: йамартхой, шайтIанаш, автоматашца лела блогерш олу цо царех. Закаев Ахьмад ве аьлла, кхайкхамаш а бира хьаькамо, и гIуллаккх динчунна кхаъ лур бу а олуш. Ахча лур ду элира цо иштта, украинхойн байракха бухахь тIемаш бен нохчийн батальнех лаьцна информаци шега хаийтинчунна а.

Украинан агIор тIемаш бечу нохчех лаьцна дуьйцучу йукъанна хаам кхечира, Бахмуте кадыровхой хьовсийна аьлла. Церан могIарехь бара Алаудинов Аптис буьйралла дечу "Ахмат" спецназан эскрхой а. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь йаздира, денна бохург санна хIара, важа гIала схьайаккха Iалашонах хиларх хаамаш баржочу Кадыровс.

Арахьа вехачу нохчийн политико Сулейманов Джамбулата Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тергалдо, Украинан а, Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь а хиллачу цхьаьнадарех.

"Оцу кепара билгалонан хIуманаш ларамза нисло аьлча, со тешар вац. Нохчийн Бамут йаккха ца луш хьийзира Нохчийчохь хьалхара тIом болчу заманчохь оьрсийн эскарш. Стратегин хIуммаъ а дац йа Бамутехь а, йа Бахмутехь а. Оцу гIалех бовлар башха доккха хIума а дац Украинана. Бамут схьайаккхаро а ца бира пайда Оьрсийчоьнна. Дуккха а салтий эгийра юх-юха динчу тIелетаршкахь, уьш юьхьIаьржа а хIиттийра", - билгалдоккху къамел дечо.

Бахмутехь тIемаш бар "Iаламат оьушуш" дара нохчийн дакъошна, боху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чамберс Харольда (Harold Chambers) – цо билгалдоккху, Кавказера лаамхошца йоьзначу дукхахйолчу тобанаша дакъалаьцна, лоцуш а ду Бахмут Iалашйеш.

  • 2014-чу шарахь Донбассехь тIом болийчхьана, масех бIе нохчо вара батальонийн могIаршкахь Украинана гIо деш пачхьалкхан малхбалехь.
  • ГIадужу-беттан юккъехь Лаккхарчу Радехь Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупацехь латтош хилар билгалдоккхуш, сацам бира. "Нохчийн къомана йина геноцид" йийцаре йира. Цу сацамна цу чохь мел хилла 287 депутато кхаж а тесира. И ладаме хилам кечбаран автор Гончаренко вара.
  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Юьхьанца цуьнан декъехь вара итт оппозицин а, урхаллин а партера депутат.
  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Украинан Лакхарчу Радин депутат, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн вице-президенто Мережко Александр вистхилира, фракцешна юкъахь "Маьрша Ичкери" депутатийн вовшахтохаралла кхолла йеза аьлла.
  • Францин йоккхачу LCI кабелан телеканална йеллачу интервьюхь Польшин премьер-министро Моравецкий Матеуша дIахьедира, Нохчийчоьнна суверенитет йогIура аьлла.

ЛадогIа, хьовса тхан подкасташка тайп-тайпанчу платформашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG