ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн батальонан штабан куьйгалхочун хIусам теллина Украинан полицино (+видео)


Украинера Шейх Мансуран цIарах батальон, архивера сурт
Украинера Шейх Мансуран цIарах батальон, архивера сурт

Шейх Мансуран цIарахчу батальонан штабан куьйгалхочун Идрисов Муслиман хIусамехь талламаш бина Украинан полицин белхахоша. Кавказ.Реалии портале цо ша бина и хаам. Идрисовс билгалдаьккхина, цхьана а кепара бакъо а йоцуш хьоьвсина уьш шен хIусамах аьлла.

"НеIаран горгали бийкира, ас схьайиллира. Патрулан полицин ши белхахо вара белхан барзакъ доьхна, кхин а виъ вара могIарчу бахархойн духарца. Цхьаммо белхан кехат гайтира суна, зуламхойн гIуллакхаш толлучу декъера ву ша аьлла. Цуьнан цIе а, муьлхачу даржехь иза ву а деша ца кхиира со", - аьлла Идрисовс.

Цо бахарехь, цуьнан чохь герз дуй хьовсуш бара уьш. ХIусам теллина, масех шарахь Идрисовс лелош йоцу мобилан телефон схьаяьккхира цара, цул тIаьхьа дIабахара.

"Бинчу талламах а, соьгара яьхьначух а хIоттийна протокол дац", - аьлла, тIетоьхна нохчийн штабан куьйгалхочо.

Цо билгалдаккхарехь, полисхоша шаьш лелориг доьзна аьллера цуьнга, Украинан президентан хьалхарчу гIоьнчана Шефир Сергейна динчу тIелатарца. Цуьнан машенна автомат йиттинера карарчу беттан 22-чохь Киев гIалина чувуллучохь.

Шен адвокато Киеверчу Дарницкан кхеле дахьийта кехат ду кечдеш, шен хIусамах таллам бан бакъо цара елла хиллий хьожуш аьлла, дIахьедина Идрисов Муслима.

  • Стигалкъекъа-беттан 14-чохь Украинин къоман кхерамазаллин Кхеташоно леррина санкцеш кхайкхийра нохчийн батальонан командирна ЧIеберлойн Муслимна а, кхин а масех тIемлочунна а дуьхьал. Батальоно тIом бина Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъашна - "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанашкара сепаратисташна дуьхьал.
  • Шайхан Мансуран цIарахчу батальонна гIортор йина АТО-хь (антитерроран операцехь) дакъалоцуш тIом бинчу шайн лаамечерах лаьттачу тIеман дакъойн куьйгалхоша а, ткъа иштта цхьаболчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а. 50-а гергга юкъараллин вовшахтохаралло кхайкхам бина президентан Офисе, санкцеш кхайкхийначу нахана юкъара нохчийн тIемалой дIабаха аьлла. Ткъа "Правый секторан" векалша дIахьедина, нагахь нохчийн тIемалошна депортаци ян гIортахь, шаьш цунна, герз а карахь, дуьхьало йийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG