ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогера шена шантаж ярна бехке вина парламентан гIантден гIоьнча


Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочун гIоьнча Кудузов Ризван шена шантаж ярна, республикан куьйгаллина критика яр шега сацадайта. Iедалхо кхерамаш туьйсуш ву, ша бохург цадахь, интернетехь йишин суьрташ даржор ду ша бохуш, хаам бина блогера.

Туркойчохь вехачу Халитовс шен телеграм-кналехь дийцина дIадаханчу кIиранан дийнахь ватсапехула шега йишин суьрташ а даийтина, "цул тIаьхьа кхерамаш а тийсина, сий доцу хIуманаш а яздина хиларх лаьна. Авторо ша мила ву цахаийтина.

Блогера дийцарехь, цо шен накъосташца таллам дIабаьхьна, ткъа церан аьтто баьлла къасто и телефонан номер Кудузовн хилар.

Халитовс иштта зорбане яьхна Кудузов бохчу стаге ша яздинчу а, цо дуьхьал яздинчу а йозанийн скриншоташ. Оцу йозанашкахь кIоршаме сийдоцу хIуманаш ду Халитовн а, цуьнан йишин а цIарах яздина. Иштта Халитовс гайтина Кудузовн цхьацца документаш а, сурт а.

  • Халитов Хьасане сурт кхечира кIиранан дийнахь Дечкен-беттан 23-хь цуьнан йиша тIехь а йолуш. Иза интернетехь даржо цалаахь республикан куьйгалла критика яр сацаде, бохура цуьнга. И сурт даийтина хиларх лаьцна дуьххьара хаам бира "Вайфонд" боламан телеграмм-канала. И хаам тIечIагIбира шен видеокхайкхамехь нохчийн блогера Абдурахманов Тумсос. Цул сов шантажах лаьцна хаам бакъбира IADAT боламан векалша а. Дийцарехь, сьурта тIехь ю шен доьзал а болуш еха зуда.
  • Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.
  • Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.
  • Нохчийчохь оппозиционерийн гергара нах лецарна, набахтешкахь Iазап латторна дуьхьал Дечкен-беттан 8-чохь митинг хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Иза кечйинчу юкъараллех цхьаъ яра Европерчу нохчийн ассоциаци – исс пачхьалкхехьбеха цуьнан декъашхой.
  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а.
  • Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG