ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш, вистхилла Кадыров Рамзан


Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема Лахара Новгородера бертаза Нохчийчу дIайиграх лаьцна шен телеграм-каналехь яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу набахтехь йа лаьтта бухахь", - дIахьедина Кадыровс.

Кадыровс чIагIдо, Соьлжа-ГIала дIакхачийна Мусаева Зарема "полисхочунна тIелеттера, бIаьрг баккхаза ваьлла иза" бохуш: "Цо хIинцале а шена чохь яккха хан яьккхина".

Оцу юкъанна лоцучу заманчохь Мусаевана йиттинера, нохчийн ницкъхоша дIаюьгучу хенахь кхетамчуьра а яьллера, йа бедар тIеюха а, йа даим а шена оьшуш долу инсулин схьа а ца оьцуьйтуш. Мусаева диабет лазар долуш ю.

ЯнгулбаевгIеран цхьахволу кIант бехкевина Кадыровс, шена "нийса дуьхьал кхерамаш" тийсарна: "Суна гечдийр дац ша, боху".

Кадыровн дIахьедарца, ЯнгулбаевгIеран доьзалца йолийна акци "меттигерчу коллегашца йийцарейина яра", "ткъа бакъоларъяран органийн белхахоша оперативан барамаш дIабаьхьна низамехь", яздо цо. Цул совнах, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла.

ТIаьхьо "Новости" агенталло видео зорбане яьккхира, Нохчийчу кхачийначу Мусаева Заремас мехкан омбудсмене Солтаев Мансуре, шена оьшу инсулин а туьйхира, ницкъ ца бира шена бохуш, дуьйцуш. И видео гинчу Мусаеван кIанта Ягнулбаевс яздина: "Еккъа жоьжахате ю хIара. Сан ала дош дац. ХIара тайпаниг Оьрсийчохь хила йиш ю бохучух со ца теша. Суна дика евза сайн нана, амма оцу видео тIехь Iаламат чолхечу хьолехь ю иза, янне а яц-кх" аьлла.

Мусаева Заремин шина кIанта Янгулбаев ИбрехIима а, Байсангура а пикет дIаяьхьна Вильнюсерчу Оьрсийчоьнан векалаллина хьалха, шайн нана дIахецар тIедожош.

Дечкен-беттан 20-чохь суьйранна нохчийн полисхой ду шаьш аьллачу наха Лахарчу Новогородерчу федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, адвокатна а, суьдхочунна а, цуьнан йоIана а, хIусамнанна а йиттина хилла. Цул тIаьхьа диабет а, коронавирус а йолу Мусаева Зарема бертаза машена хаийна, гIаличуьра арабевллера уьш.

Дийцарехь, курхалла лелорца долийначу гуллакхна тIехула тешаш санна хеттарш дан Нохчийчу Янгулбаев Сайди а, Мусаева Зарема дIадига бакъо хиллера цаьргахь. Янгулбаев Сайдин федералан суьдхочун статус хиларна, полисхоша лаьцна йигира цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема.

Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист вара Янгулбаев Абубакар. Дахначу шеран ГIуран беттан 28-чохь Янгулбаев Абубакаран хIусамах хьоьвсира, дIаяьккхира техника, иза ша Пятигорскерчу полици дIавигира. Ша дIахецначул тIаьхьа цо дийцира, терроризм къобалъярца доьзначу цхьана бехкзуламан гIуллакхна т1ехула хеттарш дан вигинера ша аьлла. Цуьнга хеттарш дина хиллера оппозицин 1АДАТ телеграм-каналца иза воьзна вуй хьовсуш. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцинера, хьалхо Нохчийчохь шен гергарнаш полисхоша дIабигарх-

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG