ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Алаудинов Апти дIаваьккхина Кадыровс


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйгъяздина чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттина, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин кхеташонан секретаран даржера дIавоккхучу омрана.

Нохчийчоьнан урхалхочун официалан сайтехь гIадужу-беттан 31-чу дийнера зорбане даьккхинчу документа тIехь Алаудинов даржера вохор "цуьнан шен лаамца" ду аьлла, яздина Кадыровс.

Йа нохчийн зорбанашкахь а, йа Украинерчу тIамах лаьцна хаамаш зорбане бохучу шен телеграм-каналехь а Алаудиновс дIахьедина дац, дарж охьадилла шен лаам хиларх лаьцна.

  • Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, 2019-чу шарахь "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг. Алаудиновс дохку бехкаш харцдира, "сох лаьцна и боьха хIуманаш яздийриг схьакарор ву, жоп а доьхур ду" аьлла, видео дIаязйира цо.
  • Марсхьокху-беттан юьххьехь, бутт хьалха нохчийн Совбезан секретаран дарже ваьккхинчу Алаудиновна, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алауидинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Дуьйцург ду зазадокху а, охан а беттанашкахь Алаудиновс Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацар, "Ахмата" Рубежныйхь а, Кременнойхь а, Северодонецкехь а лелочунна тIехь куьйгалла а деш.
  • 2017-чу шарахь "Новая газето" зорбане баьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС полкан ларми чохь 27 стаг верах шаьш бина таллам. ГIирсан хаамашца, нах бойъучу оцу дийнахь тIеман декъан дозана тIехь хиллера Алаудинов.
  • Бакъоларъярхойн хаамашца, 2015-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс ша волчу заманчохь Алаудиновс Iазапаш хьегийтинера харц бехкана тIехула лаьцна валийначу оппозицин жигархочунна Кутаев Русланна тIехь. Ша вуьйр ву бохуш, Алаудиевс шена кхерамаш тийсарх хаийтира иштта дагестанхойн жигархочо Джалалдинов Рамазана а.
  • Цул совнах, "Грозный" ЧГТРК-н эфирашкахь массарна а гуш Кадыровн критикаш сийсазбеш юкъара хилла ву Алаудинов. Цхьана къамелехь шен куьйгакIел болчарна тIедожийра цо, "террорхочух а, экстремистах а тера волчу" хьанна а тIехь "хIуъа а дан мегар ду" аьлла.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре язвина а ву Алаудинов. Нохчийчуьра ЛГБТ-н декъашхошна тIаьхьваьлла хьийзарна бехке лору иза. ТIаьхьо цунна дихкира Латви ван а. 2020-чу шарахь санкцеш йехира цунна нохчийн ницкъахочунна дуьхьал Британино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG