ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн лар: Вучича бехкебина Кадыровн дуьхьалончаш Сербина а, Косовона а юкъахь дов марсадаккхарна


Сербин президентана Вучич Александрна Невсикй Александран совгIат деш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Белград, Серби, 2019-чу шеран Дечкен-беттан 17-гIа
Сербин президентана Вучич Александрна Невсикй Александран совгIат деш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Белград, Серби, 2019-чу шеран Дечкен-беттан 17-гIа

"Нохчийн а, чергазийн а тоба" бехке ю аьлла Сербин президенто Вучич Александра, цхьана декъо къобалйинчу Косовон Республикаца конфликт рогIера марсаяккхарна. Цо яьхначу цIерашлахь хьахийна бевзаш болу Кадыров Рамзанан рожан дуьхьалончаш. Цуьнан дIахьедаро шеконаш кхоьллина Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн – царна хетарехь, президентан къамел Сербин а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш чIагIъяларан тIаьхье ю, ткъа Вучич "зуламечу нохчашца" Балканан ахгIайритIера бахархошна кхерам таса лууш ву.

Марсхьокху-беттан 21-чохь Сербин президенто Вучич Александра дIахьедира, Косовоца йолу юкъаметтигаш рогIера эгIале хьалха цхьана декъо бен къобалйина йоцчу оцу республикехь хилла Кадыров Рамзанан рожан дуьхьалончех лаьтта "нохчийн, чергазойн" тоба аьлла. "Потенциале салтий" Оьрсийчоьно болийначу тIамехь Украинехьа тIемаш бан юкъаийзош хилла цара, иштта хаамаш гулбеш хилла Косовон къилбехь латточу герзашца болчу сербех лаьцна, уьш "хIаллакбархьама".

"Бевзаш болчу Кадыров Рамзанан дуьхьалончашца Сулейманов Джамбулатаца а, Закаев Ахьмадаца а воьзна Бахаев Ахьмад Русланович а, Арзасанов Идриз, Х.А а, М.А а юкъахь волу тобанан позици документашца тIечIагIйина ю,"- аьллачу Вучичан дешнаш далийна меттигерчу OraNews гIирсо.

Закаев Ахьмадана цкъа а хезна дац буьйцучу нахах лаьцна, уьш билггал болу нах хиларх ца теша

Сербин президенто чIагIдо, Марсхьокху-беттан 3-чохь охьабагарбина нах цхьанакхетта Туркойчоьнан вахархочуьнца Д.И-ца Косовон къилберчу Зубин-Поток юкъараллехь. Кадыровн критикийн интерес яра боху, 2008-чу шарера схьа дуьйна Сербино а, Косовос а къуьйсучу Приштина гIаларчу хьолах лаьцна информаци схьаэца а, арахьарчу къайлахчу сервисашка дIакхачон а.

Юьззина къобалйина йоцчу республикан а, Сербин а юкъаметтигаш рогIера юха а иръелира марсхьокху-беттан 1-чохь, шайна чубогIуш сербахойн документаш а, автомобилийн номераш а хила еза аьлла, юкъадаккха сербахойн Iедалша Iалашо хIоттийча.

И барам богIуш бу Белградехь Серби лелачу Косовон бахархойн хьокъехь тоххара дуьйна лелош долчуьнца. Косовон къилбехь бехачара Сербица дозанехула дехьаволучуьра некъаш дIакъевлира боху. ТIаьхьо Косовон полицино хаамбира, протестхоша лелочунна тIехула дозанехула дехьаволу "Ярине" а, "Брняк" а дIакъовла дийзира шайн нахана а, машенашна а аьлла. ХIинца йолу конфликт шолгIачу дийне бен ца елира – дуьненан юкъараллин дехарца документаш а, номерш а дIасахийцар дIатеттира Косовон Iедалхоша цхьана баттана.

Къобалъязчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, Сербин президенто дуьйцург хIун ду а ца хаьа шена аьлла. Цо цIеяьхна нахах лаьцна шена цкъа а хезна дац, йа уьш билггал бу бохучух ша тешаш вац элира цо.

Нохчийн жигархочо, Iилманчас Сулейманов Джамбулата а аьттехьа а тIе ца дитира, цо цIе яьхна Нохчийчуьра бахархой шена бевзаш хилар. Францихь вехачу Сулеймановс дIахьедира, цкъа а йа Косовохь а, йа Сербихь а ша хилла вац аьлла, ткъа Вучичан бехкаш Францил а арахьа шен балхана доза тохийта Iалашонца дохкуш ду.

"Малхбалера Европехь конфликт йоло гIерта Оьрсийчоь, Украинера шайн хьал аттачу даккхархьама. Украинехьа сан позици жигара хиларна со бехкеван хьийза. [Цул совнаха], сан Iалашо ю – массо а къаьмнаш юкъахь Ичкерин агIончийн съезд вовшахтоха Кавказехь йолчу Оьрсийчоьнан позицешна баккъал а кхерам хир бу цунах", - аьлла хета Сулеймановна.

"Хьаставала гIертар"

"Европерчу нохчийн ассамблейн" векалша президентан Вучичан дIахьедар "йиллина манипялци а, провокаци а" ю элира.

"Оха емалдо, тхан къоман цIе оцу питанан а, нохчашна юкъарчу буламечу хьолан контекстехь а алар шена магийначу Сербин президенатн Вучичан дешнаш. ЦIеяьхна нах бехкебина цо сепаратизмана, дIахьедина, нохчаша Косовохь эскархой-лаамхой шайн гонашка а ийзош, Малхбузера къайлахчу сервисашна болх беш бу аьлла. И доллу чIагIдарш бух боцуш ду, цара тилаво", - аьлла ду Ассамблейн дIахьедарехь.

Цуьнан декъашхошна хетарехь, Вучичан Iалашо ю "кхерам таса" а, регионера хьал кхин тIе а карзахдаккха а, "зуламе нохчий" хьахош.

Нохчо — чIогIа вогIуш волу "Бугимен" ву, цундела Вучича хIокху контекстехь пайдаэцна царах

Чеченский Богдана, Украинан байракхца 2014-чу шарахь дуьйна тIемаш бечу шейх Мансуран цIарахчу батальонан информацин декъан куьйгалхочо, мах хадийра Вучичан дешнийн, шен Оьрсийчоьнан коллегина Путин Владимирна "тамбан" гIортар ду аьлла. Цо тидамбира, эскархой схьагулбан Украинан дуккха а официалехь каналаш хилар, тамаш бу-кх боху цо, пачхьалкхана оцу тIехь гIо эшнехь.

"Тхуна ма-хаъара, Украинан Iедалша бакъо елла яц йа Закаевна а, йа Сулеймановна Сербира йолахой леца аьлла. И дан оьшуш хьал хиллехь а, Украинас ша, Европехь бехачу шайн бахархошкахула нисбийр бара и вербовка йен болх, оццул экаме долу и гIуллакх юкъалелачарна тIе а ца дуьллуш. Йолахой лаца цхьана а кепара цаторийла яц Украинан, хIунда аьлча, шайн лаамехь схьакхетта дуккха а нах хиларна. Тхан декъехула ротацин буха тIехь хIора шарахь чекхволу эзара Украинан вахархо а, Еврорпера нохчий а. Шен "кхерош" дIахьедар дан жимма тIаьхьависсина Вучич",- дIахьедина Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Чеченский Богдана.

Словакин стратегин анализан аналитикан центран коьртачу директоро Сингел Яна лечкъа ца до, президенто Вучича Косовехь нохчий а, чергазий а хьахорах шен цецвийлар. Цунна хетарехь, пачхьалкхан къилбан декъехь бехачу бахархошна, доккхачу декъанна сербашна лерина документаш кечдеш, керла бакъонаш хIиттор дIататтар дуьйцуш дахначу кIиранах Косовон куьйгаллица аьтто ца баьллачу юкъанна хилла хIума ду иза. Сингел тешна ву, конфликт марсаяккха цхьа потенциале бахьана дезаш хьийза Вучич.

"Кхузахь нохчо – чIогIа йогIуш "бугимен" ву (туьйранашкара бIоба.- Редакцин билгалдаккхар.), цундела Вучича пайдаэцна царех хIокху контекстехь. Гуш ду, дезинформаци ю хIара. Нохчий – ас буьйцурш бу кадыровхой, - гIарабевлла, Украинехь шаьш лелочух лаьцна социалан машанашкахь зорбане йоху видеош бахьанехь. Оцу Балканашкахь а цхьаьна бовзийтина уьш. ШолгIа делахь, тIех чIогIа аттачу даьккхина а ду, амма къайлах барт бечарна чIогIа коьрта ду, нохчий- бусулба хилар, Косовора албанхой а бу бусулбанаш. Логика муха ю аьлча – православин сербаш байъа Косово нохчий баьхкинера ала", - билгалдаьккхира Сингела.

Иштта, Словакин экспертана хетарехь, Вучичан дIахьедар шен электоратана лерина хилча санна тIеоьцийла ду, и бохург хIун ду, чохь пайдаэца. Мухха делахь а, Европерчу пачхьалкхан политикан лидерна кхераме ду кхечу къоман векалех, кхузахь буьйцурш нохчий бу, нах бойъурш бар, аьлла хета экспертана.

"Шина а пачхьалкхан пайда"

Сербин президентан дIахьедар хазийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс, тахана Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом беш болчу Ичкерин агIончашна чIир кхайкхийначул тIаьхьа.

"Даим, доллу тхешан дахарехь шуна тIаьхьадевлла лелар ду тхо, оха хIаллакдийр ду шу, хIора вийначу тхайн вешина дуьхьал эзарнашкахь дойъур ду оха шу. Бекхам къиза хир бу. Уьш миччахь хиларх, царна тIаьхьара девр дац тхо", - дIахьедира регионан куьйгалхочо.

Иштта вистхилла иза, шаьш долчахь къобалъязчу Ичкерин агIончаш тIеоьцучу пачхьалкхашка а, кхайкхамбина, нагахь санна, чIир екхаран гурашкахь стаг вер цара зулам лорур делахь, и нах Нохчийчоьне схьало аьлла.

Кхул хьалха Ичкерин агIончаша джихIад кхайкхийра шена Кадыровна а, цуьнан рожна а - цунах лаьцна дуьйцуш ду социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь. Махкарчу бахархошлахь гIаттамхойн болам вовшахтухуш бу къайлах аьлла, дIахьедира иштта Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Анзоран кIанта а, Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан спикеро Белокиев Ислама а. Цара бахарехь, кечамабаран Iалашо ю – "къобалъязчу Ичкерин деокупаци а, суверенитет а".

Нохчийчоьнна а, Сербина а юкъахь яц уллора экономикан а, политикан а юкъаметтигаш, амма Белградо а, Кремло а хьахайо "вежараллин" йолуш санна. Цуьнан коьрта бахьана ду, Косовоца юкъаметтигаш дийцаршца нисъеш Оьрсийчоь тIехIоттар. Доккхачу декъанна, стохка хаамбора, Сербихь цхьахболчу урамна Кадыров Ахьмадан, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден, цIе тилла дагахь бу бохуш, иштта цуьнан цIарах КъорIан Iамош школа схьайелларх лаьцна а дийцира.

2021-чу шеран товбеца-баттахь Билечехь дIаяхьначу Chechen Fest эшарийн фестивалан рекламин коьрта турпалхо хилира Кадыров Рамзан. ТIеман барзакъца долу цуьнан сурт дара фестивалан афишаш тIехь, иштта социалан машанашкахь зорбане даьккхина а. Фестивал вовшахтухучара дIахьедира, къовсаме хIуммаъ ца го шайна Кадыровн суьрташ хIитторехь, ткъа Chechen Fest аьлла тиллина цIе, цара бахарехь, забар санна дагадеана хIума дара.

Кху шеран Дечкен-баттахь Сербин делегаци Нохчийчохь хилира – боксан сферехула юкъарло лело бартхилира шина мехкан. Сербин боксан Ассоциацино динчу дIахьедарца, Соьлжа-ГIалахь Сербин а, Оьрсийчоьнан а цхьанатоьхна латархойн тобанаш кечъян а, кхин дIа Белградца "шина а пачхьалкхана пайденна" юкъаметтигаш кхион а дагахь ву Кадыров.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG