ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата дийцина UFC-н чемпионах Нурмагомедовх лаьцна шена хетарг


Чимаев Хьамзат
Чимаев Хьамзат

Шведийн ММА латархочо Чимаев Хьамзата дийцина, цхьаммо а ца эшийначу дагестанхойн спортхочух Нурмагомедов Хьабибах лаьцна шена хетарг.

"Нахана моьтту, сан цуьнга цабезам бу… Суна веза иза. ХIунда аьлча, бусулба ву иза а, со а. Жимачу эвлара ву иза, со а санна, тхойшиъ цхьана пачхьалкхера ву, цхьатеррачу жимачу шина махкара а. Нохчийчоь а, Дагестан а вовшах тера ю. Сан дуккха а вежарий бу Дагестанехь", - аьлла Чимаев Хьамзата Frontkick.online ресурсана еллачу интервьюхь.

Чимаевс дийцина, "Хьамзат Хьабибца лата лууш ву" бохуш, артиклаш зорбане яха йоьлча, цуьнан нанас телефон туьйхира шега, Нурмагомедовца лата стенна лаьа хьуна аьлла. Ша жоп делира боху, цкъа а дагахь вацара ша цуьнца тасавала аьлла. Спортхочо чIагIдо, Нурмагомедовх лаьцна инстаграмехь ша йитина "Оха иза ватIор ву, цунна лаахь" алар цхьанна делла жоп дара шен бохуш.

"Цхьана кIанта яздинера сох лаьцна цхьа вониг "Хьабиба хьо вовшахвоккхур ву" аьлла. Цунна делла жоп дара сан и, амма сан ледарло яра, цхьанна а вевзаш воцчу цунна ишта жоп далар.

"Иза со вовшахваккха лууш велахь, ас иза а ватIор ву" иштта дар сан жоп. ХIунда аьлча, со борша стаг ву, бакъволу къонах ву со. Хьо ватIор ву цхьаммо хьоьга алахь, ахь муха жоп лур ду цунна? Со цхьаммо а вовшахвоккхур вац, ас этIор бу берш", - аьлла, тIетоьхна Чимаевс. – Нагахь санна хьо стаг велахь, иштта ойла хила а еза хьан".

Чимаевс ишта билгалдаьккхина, Нурмагомедов Хьабиб – ша лоруш, ша сий деш волу кIант хилар. Цунна хетарехь, "дуьнеанахь а тоьлла латархо ву" Нурмагомедов.

"МакГрегорца иза летачу заманчохь, со Brave CF-н латархо вара. Со хьожуш вара цуьнан латаре, ас доIанаш дира цунна, сан нанас а дира", - билгалдаьккхина Чимаевс.

  • Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь нохчийн UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата дош делира, дагестанхойн чемпион Нурмагомедов Хьабиб ша "ватIор ву" аьлла. Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу эфирна бухахь йитинера цо ишта комментарий. Стрим йоьдучу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира Нурмагомедовга, "Ахматан" муьлххачу а латархочуьнца иза тасалахь, ша "цо доьхху ахча лур ду" аьлла. Кадыровс "UFC-н проект" ю Нурмагомедов аьллачул тIаьхьа, шен агIор Чимаевс дIахьединера ша кийча хиларх, Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", нагахь цунна "лаахь".
  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа. Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).
  • UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG