ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажаре Гериханова Амине хеттарш ца хилар тIечIагIдина Украинерчу полицино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинан Къоман полицин стратегин талламан департаменто официалехь тIечIагIдина, тIаьххьарчу пхеа шарахь Украинехь яьхна йолу нохчийн зудчун Гериханова Амиминин хьокъехь цхьа а низамца ца догIу гIуллакхех лаьцна хаамаш бац, аьлла. Иза Румынехь дIалаьцна Оьрсийчоьно Интерполехула динчу дехарца, Оьрсийчу экстрадици яран кхерам лаьтта цунгахь.

Нохчийн "Вайфонд" бакъоларъяран ассоциацин арзана, стратегин талламан департаментан куьйгалхочун гIовсан Рубель Андрейс куьйг яздина деллачу жоьпехь бигалдаьккхина ду, Гериханова Украине 2017-чу шеран Мангал-беттан 1-хь кхаьчна, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 11-хь махкара ара а яьлла.

Гериханован бехк хилар шеконе диллина бехктакхаман гIуллакхаш дац Украинехь, таллам бар дац цунна дуьхьала долийна, цо низам хедийна аьлла хаамаш бац Украинехь.

Иштта билгалдоккху, стратегин талламан Департаментан – вовшахкхеттачу зуламхошна дуьхьало латточу а, оперативан-талламан гIуллакх лелочу а органехь – Гериханова Шемахь хилла аьлла хаамаш ца хилар. Цунна Украине кхачар доьхкуш сацамаш а дац дина.

"Вайфонда" билгалдоккху, Оьрсийчоьно цунна дуьхьала даьхна бехкаш харцдо оцу кехато, иштта дагадоуьйту, низамехь доцуш политикан а, динна а тIехула а пачхьалкхо хьийзийна волу стаг дуьненаюкъарчу конвенцино мухIажар лору.

  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
  • Мангал-беттан 7-хь Румынера кхел реза ца хилла нохчийн зудчунна Гериханова Аминина тховкIело яла – миграцин сервисан сацамна цо бина латкъам тIе ца лаьцна. Апелляцин инстанцехь иза къовса дагахь ю Гериханова.
  • Стигалкъекъа-беттан 4-хь Гериханована экстрадици йарна бинчу сацамна дуьхьала чуделла арз тIе ца лецира румынхойн лаккхарчу кассацин кхело. Оцу сацамна бина латкъам иштта Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь толлуш бу.
  • Гериханова Аминина хилларг дуьххьара дац: Чиллан-беттан чакхенера дуьйна Къилбаседа Кавказера схьабевллачу Оьрсийчоьнан бахархоша меттигерчу миграцин сервисо къоман а, динан а тIехула дискриминаци йарна саццанза латкъамаш до. Бакъоларъярхоша бахарехь, уггар чIогIа нохчех хьакхделла иза: уьш дIалаца мега, йа депортаци йан мега, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, ткъа Румынех транзитаца чекхбовлуш балахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG