ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозицин блогеро дийцарехь, Интерпол реза цахилла иза лехаме вала


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Интерпол реза цахилла оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо лехаме вала. Цунна дуьхьал Оьрсийчохь долийна ду бехктакхаман гIуллакх, "гуш-хезаш терроризме кхайкхар" артиклехула.

Интерполера официалан жоп кхачарх лаьцна Абдурахмановс хаам бина шен YouTube-каналехь. "Интерполе жоп дехар кхачарца, царна гира, Интерполехула хьалха а Оьрсийчоь лаха гIиртина кIант иза хиларх, цо латкъам а бина толамца дIадерзийра и гIуллакх. Ткъа цара сацам бинера соьга хатта, сан хIун ойла ю цунах лаьцна аьлла. Тхоьга кехат кхечира Интерполера", - дуьйцу Абдурахмановс.

Блогеро дийцарехь, Оьрсийчоьно жоп дехар оцу организацино дийцаре динера масех баттахь. Эххаре а, Абдурахмановс, бахарехь, Интерполо иза лехаме валар лаьрра Интерполан конституци йохор санна.

Цо дийцарехь, юкъараллин вовшахтохараллин гIоьнца, шайна юкъахь "Вайфонд" а йолуш, аьтто баьлла лехамера дIабаха иттаннаш нохчий а, кхечу къоман векалш а.

  • Абдурахманов Тумсо – вевзаш волу нохчийн оппозицин блогер ву. Шен видеоэфирашкахь цо довзуьйту Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хилар гойту масалш, дуьйцу меттигерчу Iедалера юьйлучу харцонех лаьцна. Цо мехкан куьйгалхочунна ен критика бахьана долуш йира цунна кIело. Швецехь кхел йоьдучу хенахь адвоката Линдквист Пера дIахьедира, "ерриг а ларш Соьлжа-ГIала кхочуш ю", аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.
  • И кхел чекхъялла а йолуш, Абдурахмановн Германехь вехачу вешина Мохьаммадна ян кечйина а хиллера кIело. Цо ша дийцарехь, иза вер тIедиллина хилла Кадыров Рамзанан шича ву олучу Эдельгериев Паруддина. Германин криминалан полици ю и хилам толлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG