ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаеван гIуллакхехула юха а экспертиза йайта реза хилла кхел


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Полисхочунна тIелетта аьлла Мусаева Зармина – бакъоларйархочун Абубакаран а, оппозиционеран ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нанна дуьхьал долийна гIуллакх толлучу Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштан кхело пурба делла кхелан-медицинан экспертиза кхин цкъа а йайта.

Адвокаташа иштта доьхура кхечу регионехь керла экспертиза йайтар, амма оцу декъана дуьхьало йира кхело, хаамбо "Iазапашна дуьхьал Командо".

Адвокаташна Немов Александрна а, Савин Александрна а тIетевжина, "Сотас" билгалдоккху, Мусаеван гIуллакхан материалашкахь лазийна бохучу полисхочун юьхьтIера кховраш даьхна фотофиксаци цахилар – динчу жамIашкахь, хьалхо нохчийн эксперто Мунгиев Арсена кечдинчу, текстехь охьайаздина ду лазийна меттиг бара аьлла. Адвоката чIагIдарехь, карарчу заманчохь полисхочун юьхьа тIехь цхьа а таммагIа дисина дац, цо юхатотту "чов" йинера боху Мунгиевн чIагIдар.

"Iазапашна дуьхьал Командин" юрист Гусев Константина шен фейсбукехь йинчу публикацихь тергойира, хиллачу кхеташонехь Мусаева ларйеш йара, иза схьайалош йеана конвой-йоI йоцург а, виъ герзашца стаг а цхьаьна вара, ткъа хIинццалц схьа шиъ бен ца хуьлура аьлла.

Хьалхо кху кIирнах Мусаеван гIуллакхехула возуш воцчу эксперто Безбородов Алексейс тIечIагIдира кхелехь, талламо йинчу экспертизан жамIех шен шеконаш хиларх. Бехкбилларехь дуьйцуш долу ницкъахочун юьхьтIера кховраш дахарх лаьцна нийса охьайаздина дац, могушаллина дайн зен дина аьлла, тIечIагIдойла йац, ткъа и сизаш стенгара девлла хууш дац - сизаш маж йошучу уьрсо дича санна ду- беа пIелгаца цхьатерра бархI арс дуьтийла йац аьлла.

  • Карладоккху, хьалхара экспертиза йинера нохчийн эксперто Мунгиев Арсена, иза балхара дIаваьлла стохка гIуран-баттахь – оцу дийнахь адвокаташа тIедожийра иза кхеле кхайкхар. Эххар а Мунгиев вистхилира кхелехь – адвоката Немов Александра дийцарехь, шен жамIаш тIе ца чIагIдира цо.
  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.
  • Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх талла долийра Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхелехь товбеца-баттахь.
  • Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьнацадараш хиларх а.
  • Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
  • Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.
  • Дечкен-беттан 20-чохь Янгулбаев Абубакара шеца хийца элира Кадыров Рамзане шен нана. Иза лачкъийна йигина шо кхочучу дийнахь видео дIайазйира Янгулбаевс, цо бехкево Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман оьздангаллин ламасташ а" дохорна. Бакъонашларйархочо билгалдоккху, лаьцна латтийначу оцу шерачохь шен ненан могушалла эшна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG