Охан-беттан йуккъехь йайна хилла, хьалхо Нохчийчуьра шен хиллачу цIийндегара ши йоI Новосибирске дIайигина Минцаева Билкъис гайтина нохчийн телехьожийлехь. Берашна тIехула лаьттина дов дирзина ден хIусаме ши йоI дIа а йигина, журналисташа дIахьедина, боьхна лаьттина доьзал "вовшахтохарх" а, бакъоларйархой бехкебина шайггара эрна гIовгIа эккхийтарна.
Репортажан хьалхарчу декъехь телефонаца дIайазбина Минцаеван видеокхайкхам бу. Цо доцца дIахьедо, ша "могуш-дийна" а йу, ишта шен бераш а дика Iаш ду, цо доьху тIейогIучу заманчохь шен доьзалерчу хьолах лаций ма дийцахьара олий.
ШолгIа дакъа гойту Минцаеван хиллачу хIусамден Теркйистерчу кIоштара кертахь. Цу тIехь шина йоIаца нана а, цуьнан марзой а гойту пачхьалкхан "Грозный" ЧГТРК-н белхахой тIеоьцуш. Цаьрга цо дуьйцу, Новосибирскехь шен дахар дIанисдина ша йеха дикка хан а йу, Нохчийчу йухайан ша дагахь а йацара олий.
"Новосибирскехь ВТБ банкехь болх беш йара со, ишта Пенсхйн фондехь а. Со кхузахь Iаш йацара. Ма-дарра аьлча, школа йаьккхинчул тIаьхьа дIайаханера со. Цигахь дешна аса, цигахь дуьненчу девлла сан бераш а. Тхо дерриш а цигахь Iаш дара хIинццалц схьа", - дуьйцу Минцаевас.
Шен ши йоI лачкъийна дIайигина аьлла, хIусамдас чу делла хилла кехат а, бертаза махка йухайигар а "берашна тIехула шайлахь лелийна хIуманаш ду" бохура нохчинй телехьожийлехь.
Хьалхо Минцаевас Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре орца дехнера. Ша дIайазйинчу видео тIехь цо дийцира, ши шо хьалха шен хIусамда хиллачо лачкъийна шен нана йолчуьра дIайигинера шен ши йоI аьлла. ТIаьхьо кхело жимахйерг деца йитира, йоккхахайерг ненаца. Охан-беттан 6-чохь цIа йеара Минцаева, жимахйолу йоI ган. Цо аьлла хиллера, шен чIогIа са хьийза нанна а, вукху йишина а. Минцаевас тIаккха шеца Новосибирске дIайигира иза а. Цул тIаьхьа берийн дас полици дIахьедира, шен йоI лачкъийна аьлла.
Минцаева полисхоша лацарх лаьцна охан-беттан 14-чохь хаамбира "Нана йоцу Кавказ" бакъонашларйаран проектан куьйгалхочо Михальченко Лидияс. Минцаева дIайигина хиллера Теркйистан кIоштан полицин декъе, цул тIаьхьа дуьйна зIенера дIабевллера цуьнан гергарнаш а, иза ша а.
Оцу хьолан цхьа йистйаккхар доьхуш йистхилира Бастрыкине Пачхьалкхан думин депутат Останина Нина. Цо шен дIахьедарехь билгалдаьккхира, "дас ненера, йа нанас дегара бер схьадаккхар" бер лачкъор аьллачу Iедалан къепехула листа догIуш цахиларх. Минцаеван хьокъехь прокуратуре йаьллера ишта депутат Горячева Ксения а.
- "Кавказ йоцу нана" проектан куьйгалхочун Михальченко Лидиян хаамашца, Минцаева цIа йерзон Iалашонца, кхерамаш тийсинера, цуьнан ваша Украинерчу тIамтIе вохуьйтур ву шаьш бохуш, иза а хиллера полицин декъехь латтош.
- 2019-чу шеран аьхка цIера йеддера 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира, цуьнан да-нана иза бертаза маре йала хьийззаш хиллера. Масех дийнахь Москвара "Китеж" центрехь хан йаьккхира цо, амма цуьнан доьзална кара а йина, цигара иза дIайигира бертаза Нохчийчу. Духка хан йалале "Грозный" телеканалан сюжетехь гайтира иза, цо бохура "феминисташа" карзахйаьккхинера ша.
- 2023-чу шарахь, 20 шо долу Исмаилова Селима гIоьртинера цIера йада, шена тIехь гIело латтайо аьлла. Амма иза лецира, цул тIаьхьа нохчийн полисхоша шайн гергарчу нахе дIа а луш. Меттигерчу телеканалан эфирехь цо элира, ша маьрша а, кхерамзаллехь а йу, ша ма йийца аьлла.
- Нохчийчу дIайигинчул тIаьхьа бакъолайархошца а, шен доттагIашца а зIенера дIайайра, цIера йедда, цхьана хенахь Санкт-Петербургехь хан йаьккхина Сулейманова Седа а. Иза цIа йигинчул тIахьа цкъа гайтира видео тIехь меттигерчу омбудсмен волчу Солтаев Мансурца. Оцу ролика тIехь дош ца элира йоIа. ХIинца кхо ша хан йу цунах лаьцна кхин хабар доцу. ЙоьIан доттагIий а, бакъонашларйархой а тешна бу, иза йийна хир йу аьлла.