ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина лоьралла деш ду дарбанан цIийнехь


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Устрада-ГIалара колонихь хан йоккхуш йолчу нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина дарба дан долийна стационаран хьелашкахь. Хьалхо хаамбора цуьнан могушалла чIогIа вон галйаларх.

Мусаевана оьшу лоьрийн гIо кхачорах дийца даьккхира Шела гIалин кхелан кхеташонехь, хаамбо "Iазапашна дуьхьалойаран Командо". Цуьнан адвокато Савин Александра кхетийра, "дийнахь дарбанан хIусаме охьа а йижош, реабилитацин курсах иза чекхйолуш хиларх. "Гуш ду, цуьнан могушалла, шеко йоцуш, меттайогIуш йу", тIетуьйхира цо.

Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Нохчийчуьра прокуратуре велира Савин Мусаевана кхачон бакъо йолу дарба ца до аьлла – цо билгалдаьккхира, оцу хенахь иза Iасанашца бен дIасалелалуш йацара, ткъа колонихь лазар теден молханаш бен луш дацара, хIунда аьлча, когера лазара стенца доьзна ду цахаарна аьлла.

Оханан-беттан йуккъехь Нохчийчуьра лоьрийн комиссино хийцира Мусаеван могушаллин хьолах лаьцна шаьш хIоттийна кехаташ. Тоххара диагнозехь къастийнера, шолгIачу кепехь диабет йу цуьнан йухахьайаьлла аьлла, ткъа хIинца хIиттийначу кехаташ тIехь боху диабет чолхаллаш йоцуш йу. Оцу тIехула Мусаеван догдохийла а йац могушалла бахьана долуш хенал а хьалха маьршайоккхур йу аьлла, кхетийна адвокато. Масех бутт а бара адвокат иза лоьрийн комиссехула чекхйаккхийта хьийза – Мусаеван хьолах таллам бинчул тIаьхьа инсулинан а, лазар тедечу молханийн а барам совбаьккхира лоьраша.

Буса тем боцуш когехь лазарш латтарх, лазар теден препаратийн барам алсамбаккхарх а далхийра Мусаевас охан-беттан 9-чохь

Зазадокху-бутт бовш хаамбира Мусаева дарбан цIийне охьайилларх ХIетахь лазаршна арз дина ца Iаш, бIаьрса лахдаларна а латкъамаш дора цо - бIаьрган марха йеана аьлла, къастийнера лоьраша.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
  • Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Апелляцин кхеташонехь Мусаевас дакъалецира видеозIенехула, могушалла ледара хиларна кхело пурба делира цунна хиъна Iен. Адвокато Савина бахарехь, "дика лоьрийн реабилитаци" оьшура зудчунна.
  • Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG