ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ши къу лаьцна туркойн махкахь - Хьусейн Слепой а, Ахмед Шалинский а


Туркойн полисхо, гайтаман сурт

Нохчех схьаваьлла тутмакхийн ши эла лаьцна Туркойчохь аьлла, хаамбина зорбанан гIирсаша. Вуьйцург ву 55 шо долу Ахмадов Хьусайн -Слепой цIарца дика вевзаш волу, 41 шо долу Домбаев Ахьмад а, криминалан гонашкахь Шалинский цIарца гIараваьлла волу. Бакъоларъяран органаша цкъачунна и хаам тIечIагIбина бац.

"Прайм Крайман" цIе яккхазчу хьасташа чIагIдарца, Хьусайн Слепой бехкехета 2021-чу шеран бIаьста Стамбулехь герзаш деттарна гунахь ву аьлла, хIетахь цхьа нохчо вийра, шолгIаниг лазийра.

Шалинский Ахьмад лацаран бахьана хаамийн гIирсашкахь яздарехь, Нохчийчоьнан куьйгаллица цуьнан йолу уьйраш а, Нохчийчоьнан урхалхочунна Кадыров Рамзанна луьйш болчарна кIелонаш кечъяр а ду, хьалхо хааме ма-даккхара.

Security Turkey телеграм-каналан информацица, Шалинскийца цхьаьна лаьцна кхин а пхи стаг, цхьаннан къайлавала аьтто хилла. Карарчу хенахь Туркойчоьнан бакъоларъяран органаша толлуш ю криминалан авторитетан зIенаш, чIагIдо телеграм-канало.

Туркойчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, нохчех схьабевлла тутмакхийн элий лецарх комментарий йина яц.

  • Домбаев Ахьмад вина 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчоьнан АССРехь. 2011-чу шарахь набахтехь даккха 10 шо хан туьйхира цунна, баккхийчу барамашкахь курахалла лелорна. Кхечу криминалан авторитетийн могIарехь коронаци йира цунна 2012-чу шарахь. Зуламхойн гонашкахь цуьнан лакхара статус дIаяьккхира Афинашкахь къуйша вовшахтоьхна дIабаьхьначу гуламехь, криминалан авторитетийншеконаш кхоллаеллера, жоьлкийн юкъарчу ахчанах Домбаевс ши миллион доллар шена дитина аьлла.
  • 2020-чу шарахь Gulagu.net проекто, шайн хьасташна тIетевжина, хаамбира, оппозицин лидерш, шайлахь Навальный Алексей а волуш, хIаллакбарехь ницкъахой пайдаэца Iалашо йолуш бу Шалинский Ахьмадах аьлла. ТIаьххьара Туркойчохь хилла Кадыров Рамзан 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь. Бозуш боцчу хаамийн гIирсаша яздарехь, иза цига вахаран бахьана дара, оцу пачхьалкхехь бехачу нохчийн оппозиционерашца цуьнан йолу конфликт. Цул а хьалха Анкарахь а, Стамбулехь а лийцира, официалан версица а догIуш, Кадыровна луьйш болчарна кIелонаш ян кечлуш хилла, мехах лецна киллерш.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG