ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн "тутмакхийн элан" гIоьнчий лецна Екатеринбургехь


Гайтаман сурт

Екатеринбургерчу Верх-Исетскан кIоштан кхело ладам боцчу ханна лецна "тутмакхийн эла" волчу Домбаев Ахьмадан (Ахмед Шалинский) гIоьнчий. Уьш берриш а бехке бина харцахьара леларна, яздо URA.RU хьостано, Свердловскерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-атташена Горелых Валерийна тIетевжаш.

Талламан версица а догIуш, кху беттан 11-чу дийнахь Домбаевн тобанера 12 стаг Екатеринбургерчу EatMeet цIе йолчу ресторане баьхкинера криминалан цхьанакхетаре.

Лоьцучу заманчохь цаьргара дIаяьхна тапчанаш, наркотикех тера гIирс а, хаамбо талламчаша.

  • 11 шо тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу "криминалан къуйна" Бекаев Iумарна аьлла, яздира хьалхо. Криминалан гонашкахь дика вевза иза Уфимский Омар цIарца.
  • Дош дашера даьлла, леттера Санкт-Петербургерчу отелехь дIатарбелла клиенташ. Нохчийчуьра ши вахархо дарбан цIийне а кхачош, йирзира и конфликт.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG