ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн йуьртан экс-куьйгалхо Заурбеков Iумар шен балха тIехь низамца лелла хилар шеконе дилна


Соьлжа-гIала (гайтаман сурт)
Соьлжа-гIала (гайтаман сурт)

Нохчуьйчуьра Буммат-йуьртан экс-куьйгалхо Заурбеков Iумар шен балха тIехь низамца лелла хилар шеконе дуьллу Iедал-белхалоша. Талламхоша дийцарехь - белхан меттигах, даржах къайлах пайда эцар, шен доцу латтанаш дихкар ду цунна бехке диллинарг.

2019-чу шарахь Заурбековс йуьртан вахархочунна харц - кехат деллера. Цхьа латтан дакъа(1000 кв.м) цу вахархочун долахь хиларан тоьшалла деш долу документ, ткъа и латта пачхьалкхан долахь ду, - боху Нохчийчоьнан талламан урхаллин пресс-релизе.

  • 2020 шеран зазадоккху-баттахь Ставрополь - махкарчу Новопавловскера экс-куьйгаалхо Кузнецов Владимир бехке лерира кхело. Муниципал - бахаман латтанаш дохкар гучудаьлла. Цунна 4 шо хан (бехкаме хан тохар) туьйхира .
  • Краснодар-махкара Туапсе гIалара масех хьаькам жоьпалле озийна - вахархочунна къайлах латта далар гучудаьлла. Чубоьхкинчарна йуккъехь ву экс-мер Зверев Владимир, цунна набахтехь йаккха 5 шо хан кхайкхина, такха гIуда а - 700 тыс сом.
  • Краснодар - мехкан экс-вице-губернатор Ахеджака Муратан йоI суьде йаьлла - меттигерчу администрацига шайн дача схьаэцар доьхуш. И дача "30-летие Победы" паркан кертахь нислуш йу. (мах-304 млн сом). Законехь дохка йиш йоццушехь 2007 шарахь доьхкина хилла и латта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG