ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудчунна Гериханована Оьрсийчу экстрадици йина – румынхойн зорбанаш


Гериханова Амина шен кIантаца
Гериханова Амина шен кIантаца

Румынхойн Libertatea зорбано хаамбо, нохчо йолчу Гериханова Аминана Оьрсийчу экстрадици йина бохуш. ГIирсано яздарехь, Мангал-беттан 5-хь йина цунна экстрадици, цо хIинцле а кхелехь еллачу кийтарлонаш бахьанехь Нохчийчуьрчу Iедало иза дийна юьтург ца хилар тидаме ца оьцуш.

"Гериханова Амина Оьрсийчоьне дIаелла румынхойн полицино иза дIалаьцна 54 де даьлча. Аминана "тIехь гIело латтор яц, шога, адамалла йоцу сийсазалла, йа таIзар дийра дац", иштта цуьнан "аьтто хир бу Оьрсийн Федерацера дIаяха кхелан гIуллакх листиначул тIаьхьа, ткъа Румынин векалтера белхахойн йиш хир ю набахтехь иза йолча хьажа-хIотта, гарантеш кхочуш йеш юйла а толлуш", бохуш Оьрсийчоьнан Iедало кехатехь язйина гарантеш тоьъна тхан кхелана", - дуьйцу хаамехь.

Гериханован гIуллакх лелош болчу бакъоларъярхоша Кавказ.Реалиига дийцира, и хаам официалехь тIечIагIбина бац. Нохчийн "Вайфонд" (Швеци) ассоциацин хаамца, нохчочун хьокъехь кхел Мангал-беттан 6-хь хир ю Сучава гIалахь.

"Дийцина ма хиллара, кхана кхел хилахь, тIакхха Аминана экстрадици ца йина. Хаамехь аьлларг тIе ца чIагIдина Румынин официалерчу хьаькамаша. И артикл хенал хьалха арахецча санна хетало", - дIахьедира "Вайфондан" векало Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь.

Кавказ.Реалиино хаам бина ма-хиллара, 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.

  • Гериханована экстрадици йарна бинчу сацамна дуьхьала чуделла арз тIе ца лецира румынхойн лаккхарчу кассацин кхело.
  • Аминана экстрадици ярна дуьхьал къуьйсуш волчу цуьнан кIентан деден вашас Бахарчиев Амруддис Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира Гериханова Аминех лаьцна, хаийтира Нохчийчохь цунна мича бахьанашца тIаьхьабевллера а, шена хетарехь, Румынин Iедалхошна цунна тховкIело яла стенна ца лаьа а.
  • Румынин дозанехь дуьххьара дIалацар дац иза – Чиллан-беттан чакхенера дуьйна Къилбаседа Кавказера схьабевллачу Оьрсийчоьнан бахархоша меттигерчу миграцин сервисо къоман а, динан а тIехула дискриминаци йарна саццанза латкъамаш до. Бакъоларъярхоша бахарехь, уггар чIогIа нохчех хьакхделла иза: уьш дIалаца мега, йа депортаци йан мега, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, ткъа Румынех транзитаца чекхбовлуш балахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG