Нохчочунна Хайдаев Хьумайдана тIехь Иркутскерчу СИЗО-1 чохь гIело ярна тIехула гIуллакх долон реза ца хилар низамца догIуш лаьрра Иркутскан Кирован кIоштан кхело. 2020-чу шарахь луьрачу кепехь сацийна болу Иркутскан мехкан Ангарскерчу ИК-15 набахтин тутмакхийн гIаттам хиллачул тIаьхьа валийнера иза цига.
"Iазапашна духьало яран комитетан" юриста Смирнов Владимира дIахьедира, "кхелан сацамца цхьанне агIора реза хила йиш яц".
Масала, муьлхачу камерехь латтош хилла Хьумайд СИЗО чу воьллина дуьххьарчу деношкахь билгалдаккха ца хьаьжна таллам, цуьнца чохь латтош хиллачаьрга хеттарш ца дина, тутмакхаш камерашкахула дIасалеларх кехаташ а дац. Хайдаевна йина чевнийн кехаташ а дац гIуллакхан материалашна юкъалаьцна.
Цул сов, Смирновс бахарехь, Охан-беттан 10-ра 13-чу дийне кхачалц шена тIехь Iазап латтийна хиларх дIахьедира Хайдаевс, амма талламхочо луьсту кехаташ дара Охан-беттан 14-чу дийнера схьа дуьйна. "ТIакхха лартIахь таллам бина ала муха йиш ю?" – билгалдаьккхина юриста, кхелан сацамна латкъам бийр бу аьлла тIе а тоьхна цо.
Карарчу хенахь Хайдаев Хьумид ша Iазап лайначу оццу Иркутскан СИЗО-1 чохь латтош ву.
- Хайдаевс бахарехь, Иркутскерчу СИЗО валийначул тIаьхьа кхечу хантоьхначаьрца ФСИН-н белхахоша куьйгашца, мийрашца, чхьонкаршца етта а етташ, могIарех чекхвалийтинера иза а. Цул тIаьхьа цхьаьна камери чу воьллинера иза "жигархошца" - иштта олу администрацица юкъарлонаш лелочу тутмакхех. Цара йиттинера цунна, маьнгашна юккъехь когашца а, куьйгашца а ирхъоьллина, цIийбина аьчкан Iайг тIеIуьттуш вага а веш. Хайдаев тешна ву, и дерриг а СИЗО-н администрацин пурбанца лелийна аьлла. Когийн а, куьйгий а пIелгаш кегдинера Хайдаевн, дуккха а лазийна яра цуьнан дегIан меженаш.
- Ангарскерчу ИК-15 набахтехь тутмакхийн г1аттаман г1уллакхехула коьртачех цхьа бехкеверг лоруш ву Хайдаев Хьумайд. Смирнов Владимира дийцарехь, билггал цуьнца доьзна ду ницкъ бар цаталлар: "Кхин болу эшам хилларш цу кеппарчу хьелашкахь зулам лайнарш хуьлуш Iедал ду. Хайдаев Хьумайд "персона нон-грата" ву... Талламхой кхоьруш бу, нагахь ницкъ бина хилар тIечIагIдан аьтто балахь, иза жоьпе озо хала хир ду бохучух".
- Стохка Дечкен-баттахь, тутмакхаша бунт гIаттаяле кхо бутт хьалха маьршаваккха везаш вара Хайдаев Хьумайд, амма колонин администрацино латтош вара иза чохь.
- Иштта Иркутскерчу номер 1 йолчу СИЗО-хь латтийначу Нохчийчуьрчу вахархочо Беличков Муслима а дийцира Кавказ.Реалиига, цигахь Iазапийн конвейер вовшахтоьхна хиларх а, къаьсттина бусулбанаша цигахь бала хьегарх а.