ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамех кхоьру


Стенна ца лаьа Оьрсийчоьнна Къилбаседа Кавказехь куьйгалхой бахархошка шайгга харжийта?

Маситтаза а шега дехар динчу тобанна дуьхьало еш хьийзина йолу Кхарачой-Чергазийчоьнан харжамийн кхеташо эххар а резахилла харжамаш меттахIитторах лаьцна халкъе референдумехула хатта деза бохучунна – магийна инициаторшна и болам кечбан.

«Кавказ. Реалино» Къилбаседа Кавказерчу бахархошна луург толлуш динчу къамелаша гойту регионехь куьйгалхой халкъе харжийтар нахана коьрта дуйла.

Дагадаийта деза, цхьа Нохчийчоь йоцург, массо а Къилбаседа Кавказан мехкашкахь куьйгалхо президенто хIоттош ву. Ткъа Оьрсийчоьнан кхечу массо а регионашкахь иза наха харжамашкахь билгалвоккху. Бакъду, кавказхоша, «дуккха а дехарш а дина», битира шаьш оцу маршонах мукъа – тергамчашна хетарехь, Москох дина буьйр дара иштта.

Стенна юхабалийра халкъан харжамаш ерриг а Оьрсийчохь, ткъа стенна ца лаьа Кремлна уьш Къилбаседа Кавказехь хилийта? Ша уьш хуьлучохь а ца бовлуьйтуш хилча шен Iуналлера?

Экономистна Соколов Дмитрийна иза дозу аьлла хета кхузарчу элитанех Москох тешаш яцарца.

Тамаше, Къилбаседа Кавказехь «дош лела нах» ша къастош боллушехь, Москох царех цатешар, боху эксперто. Гарехь, федералан центран бIо ца булу оцу элитанех, ца теша цаьрга Iедал шайн карахь латталур ду бохучух, кхоьру политикан система маьршаяккха.

Делахь а, хала ду кхета, Къилбаседа Кавказ массо а мехкел хьалха шен куьйгакIелхьара яларна стенна кхоьру Кремль. Еккъа цхьаъ бен шен маршонехьа тIамца къийсаелла йоцу республика а долаерзийна хилча.

Пачхьалкхан «чоьхьарчу» мехкашкахь куьйгалхой харжар шен карахь латталахь а, Къилбаседа Кавказ атта доцчух тера ду Москохна и дан.

Кавказан эксперто Казенин Константина, «тIахьолонех дерг ала хала долу «конфликтан потенциал» алссам шеца еха Къилбаседа Кавказ атта дац Кремлна шен карахь кхаба», боху. Цо дагадоуьйту мел халчу къовсамехь дIабахара мехкан куьйгалхочун харжамаш Кхарачой-Чергазийчохь 1999 шарахь.

Амма политикехь дакъалаца луучу нехан могIарш бесташ бу Къилбаседа Кавказехь, царна дискусси оьшу, боху Казенина: «Адам маьршша шайн кхоллам къасточу барамашка алсам мел дуьту а толур ду политикан хьал. Сайга хаьттича, гIаланийн а, кIоштийн а куьйгалхой санна, мехкийн лидерш а ас маьршша хоржуьйтур бара нахе».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG