ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деса латта. Баккхий ца бе Iедалан совгIатах Черкесскера доьзалш


Загидова Марем

​Пхи шо ду шайна еллачу бошмашка серло кхачаре доьзалша сатуьйсу. Черкесскан мэрино проектехь ду боху ток тIеялор, ткъа дош делла хи кхушара тIекхачо.

2014-чу шарахь деллачу лаьттан дакъошна коммуникацеш тIеялоре сатуьйсу Черкесскерчу 100 доьзало. Регионан низамца а догIуш, цIенош дан делла царна латта. Ткъа муха до уьш, гергадалийна я хи а, я серло а ца хилча?

ГIалин мэре Тамбиев Руслане яздира наха, "Оьрсийчоьнан бахархошна йораха а, комфортца а йолу хIусамаш ярх, гIишлошлелоран-коммуналан хьелаш лакхадахарх" долу президентан омра кхочуш а деш, шайна даха ховша гIодахьара, аьлла.

Амма хан ялийтина мэрино, ца дина гIо хIинццалц схьа.

"Тхан дакъошна уллехь яц газ, хи, коммуналан биргIанаш. Герга ца кхачийна ток. Сихонца и хьашташ кхочушдар тIедуьллу оха мэрина, цадахь, оха прокуратуре арздийр ду", - яздина еса лаьттачу бошмийн дайша Черкесскан мэре.

Кхарачой-Чергазийчохь цIа дан латта ло кхоъ я кхин а сов бераш долчу доьзална, довзуьйту хьал "Кавказ.Реалиина" мэре кехат дахьийтинчех цхьамма - Нартоков Анзора.

"2014-чу шарахь делла тхуна латтанаш. Черкесскан къилберчу йистонца ду уьш. 100 сов доьзало яздина арз, бан-м кхин а дукха бу цигахь дакъош дерш. Лаьтташ ду дакъош, цкъачунна цхьа а ца волавелла цIенош хьалахIитто. ТIеялийна коммуникацеш, серло, газ, хи а доцуш, бакъо яц латтанаш декъа, амма ишта меттиг ю мэрино тхуна елларг. Оха дукха хьакамашка дехна гIо. Массара а хаза дуьйцу, гIо ца до", - боху Нартоковс.

"Сан диъ бер ду, хIусам ца хилча ца йолу. Тхоьга хьаькамаша боху, шаьш яхка шайна коммуникацеш. Ткъа Оьрсийчоьнан низамо уьш бо иза дан декхаре. Тхуна кIордийна садетта, прокуратуре, кхеле довла дохку, делахь а, ца лаьара-кх девнца гIуллакх къестон, - элира "Кавказ.Реалиига" Черкесскерчу яхархочо К. Лилияс.

5 шо хьалха ма-яллара, еса лаьтта Черкесскехь бошмаш
5 шо хьалха ма-яллара, еса лаьтта Черкесскехь бошмаш

Черкесскан мэрица къамеле а елира "Кавказ.Реалии". Баккхийчу доьзалшна деллачу дакъошна коммуникацеш тIеялош ду шаьш карарчу хенахь, элира цуьнан векало.

Цо бахарехь, "хи тIедалош ду пхи шо хьалха екъначу бошмашна, цкъачунна 277 декъа тIе дигина, ехкина 2776 метр биргIанаш, кхушара а йохкур ю 3 километр хин биргIанаш, 6 урам шарбина, тIе гIум, тIо буттуш".

Кеста серло а ялор ю юьйцучу метте, мэрин белхахочо дийцарехь. "Черкесскан къилберчу декъехь дахар кхолла, и дахар кхоччуш дIатардан оьшу гIирс тIетаса езар ю 546 киловатт ток, иза хилийта а гIерта тхо", - аьлла, йовзийтира Iалашонаш мэрерчу хьаькамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG