ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвегехь 5 стаг вийна 37 шо долчу Данин махкахочо. Шинна чевнаш йина


Ослон полици
Ослон полици

Норвегехь Конгсберг гIалахь вевзаш воцучу стага секха Iодаца чIунаш диттина нахана кхаарийн сарахь. Полицино тIаьххьара бинчу хаамца, пхи стаг вийна, шиъ чевнаш йина ву, хаам бо Свобода Радионо.

ТIелатар динарг лаьцна. Болчу хаамца иза ву 37 шо долу Данин махкахо. Кхин оцу стагах дуьйцуш хIумма а дац. Норвегин полицино аьлла Кунсбергехь дина тIелатар теракт ю.

Полицин векалша дийцарехь, лаьцнарг жоьпаш луш ву, шега луш долчу хаттаршна, амма цо даре ца дина цкъачунна ша бехке хилар. ВВС-н хаамца оцу стага дукха хан йоццуш тIеэцна хилла бусалба дин.

ТIелатар хилла 30 эзар гергга адам дехачу Ослона къилба-малхбалехьа Iуьллучу гIалахь. Iедалша дийцарехь, и стаг ша цхьаъ хилла. ГIалахула дIасалелаш тай-тайпанчу меттигашкахь нахана тIелатарш дина цо. Эха сахьтехь дина цо и зуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG