ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура кхераме тIеман Iамораш


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан эскаран тобанаш ю Серноводскерчу полигонехь тIеман Iаморашкахь. Зазадоккху-бутт 19, 2015

Официалан гIардаьккхина хIумма а цахиларна, юьхьанца дуьхе кхуьуш бахархой а боцуш, кху беттан 23-24-чу деношкахь тайп-тайпанчу кIошташкахь эскархойх сийсош карийна нахана бIаьрго ма лоццу хIума ган йиш йолу лакхенашкахь а, регIан даккъашкахь а. Цул тIаьхьа цхьадолу тIеман дакъош ярташна герга а оьзна,дIатардина гатанан четарш чохь. Ишта меттиг-Iойлеш кечйина дуккха а кIошташкахь.

Цхьаболчу тергамхоша дийцарехь мехкан жималле хьаьжча, кхузахь чот йоцуш дукха ду тIеман дакъош. Лаьмнашкахь, ШуьйтIан кIоштан Борзойхь а, Ножай юьртан кIоштан Бенахь а, Веданан кIоштехь а гуттаренна а дIатарбина тIеман ницкъаш боцуш, аренца йолу кIошташ схьаэцча а, наггахь кIошт а яц салтий боцуш.

«Церан,маьршачу белхошка хьаьжча, могIарерчу салтичуьнан а инзаре даккхий алапаш ду, эпсарш-м бийца а ца оьшу. Массо кепара Iедало царна еш гIоленаш ю. Биллина оцу шайн тIеман декъан тушехь Iаш болу уьш шарахь цкъа арабоху болх бийраш хилийтархьама. Оцул харж а еш, уьш кхузахь стенна латтабо а хаац».

И къамел динарг ву пенсе ваххалц Новр кIоштан омранатехь шийтта шарахь гергга омранатехь болх бина вахархо Iимран. Цунна моттарехь ах Европел йоккха йолчу ерриге Красноярск кIоштехь а бац кхузахь санна тIеман ницкъаш.

Бен-бечу кIошташкахь, аренан хьелашкахь де-буьйсанаш а ларьеш, хан токхуш болчу салташна тIедехкинчу декхарех мелла а дуьззина дийцира,и дахар чуьра девзачу, кху сохьта а Ханкалахь тIеман декъехь гIуллакх деш волчу, ша цхьа йоккха тIеман къайле гучуйоккхуш санна ийзалуш хиларна, со цIарца вийца ца хIуттучу эскархочо.

Эскархо: «ТIеман дакъош ярташна юххехь дIатардар бахархошна кхераме хIумма а дац. Дера дац дер-кха зуламе. Цхьа хIума нисделча меттигаш йовза а ма езий. Уьш йовзийта а, говзалла лакхаяккхуш, Iамораш дIадахьа а арабаьхна эскархой. Керла дешаран шо аьлла кхетам бу-кх лелаш тIеман дакъошкахь.

Арахь буьйсанаш яха а еза, вехьана цхьанхьа чукхоьссича кIелхьарвала Iама а деза, массо хIуманах а вола ма веза салти. Нохчийчохь мел долу дакъош меттах а даьхна, дIахьуш Iамораш ма дуй уьш. Герзаш кхуьссур дац кхузахь. Уьш зуьйш йолу меттиг Шелковск кIоштан гIамаршкахь ю».

Корр: Оццул эскарш тIе а оьзна, хIума лелош хилча адам кхера ца ло агIо ян йиш яц те, кIоштан хьаькамашка хьалххехь хаам а бина?

Эскархо: «Хаийта йиш-м ю, делахь а эскарца долу гIуллакх а шайн къайленаш йолуш ма дуй. Цхьа цIеххьана омра а дина, кара карта а делла, цхьана билггалчу метте дIахIитта, хIара хан а ю шуна аьлла арабаьхна ма бу уьш! Хьалххехь нахала а даьккхина лелош ма дац. Шина кIирнахха-м дахлур ду церан говзалла лакхаяккхар».

Дерзош аьлча, шина тIамах бевллачу вайнахана гергахь, уьш мел дикачу балхана арабевллехь а, нохчашлахь олуш ма-хиллара» генахь кхабарш» бу эскархой. Кху ткъех шарахь луьрчу, къизачу хиламаша бахчийначу нахана цуьрриг а синтем ца бохьу цхьацца ярташкахь туп тоьхна латточу тIеман дакъоша. Кхузара цара хIумма а юьхькIаме дешнаш ца хазадо боьдуш, богIуш эскархойн четар-ярташна а, гIагIдиллинчу машенашна а тIехбовлуш.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG