Халкъ дика дахийта жоьпалла шена тIеэца а, кхолагIа тIеман кампани республикехь цахилийта набахте ваха а кийча а ву ша бохуш чIагIдо Кадыровс.
Цу хьокъехь дара оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Шуна хIун аьлла хета цу хьокъехь? Кхин хIун дича нийса хетар дара шуна Кадыровс нохчийн кIоман барт бан а, нохчийн халкъ кхерамазаллехь хилийта а, иза нийсонца дахийта а? – аьлла дара иза.
Кху хаттарехь шайна хетарг довзийта лууш дуккха а нах бевлира. Царах дукхах берш махкал арахьа бехаш бу. Цу наха буьйцург, уьш муьлуш белахь а, вайн къоман юкъара бала бу. ЛадугIур вай цара дуьйцучуьнга.