ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала балха вигна Удмуртера вахархо ведда Дагестанера


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Удмуртера вахархо Яковлев Иван нуьцкъала болх бан вигинчара ведда Дагестанера. Кхушара Стигалкъекъа-баттахь бевзаш боцчу наха Iехийна дIавигна хилла иза Москвара.

Шен хьолах лаьцна дийцина Яковлевс ларамаза шех ХIинжа-гIалахь кхеттачу "ЛизаАлерт" тобан декъашхошка, ткъа цара шаьш гIо дийр ду аьлла, яздо шен социалан машанашкахь "Альтернатива" боламо, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Яковлевс дийцарехь, 2019-чу шарахь болх лоьхуш Москва кхаьчна хилла иза. Цхьацца кега-мерза белхаш а беш цхьа шо ах шо хан яьккхинчул тIаьхьа Удмурте цIаверза сацам бина хила цо. Оцу дийнахь вокзалехь бевзаш боцчу наха дикачу хьелашкахь бан болх кховдийна цуьнга. Цаьрца хIума кхаьллинчул тIаьхьа наб кхетта и стаг самаваьлла Дагестанехь кибарчигаш ечу заводан кертахь.

Ши кIира даьлча, шен кехаташ а дитина, ведда Яковлев, некъаца воьдуш кхечу наха шаьш дIакхетор ву аьлла, уьстагIий дажо дIавигна. Цигара а вада аьтто баьлла цуьнан, ткъа кхин а цхьа ши бутт баьлча ХIинжа-гIала кхаьчна иза.

"Альтернатива" тобан векалша дийцарехь, карарчу хенахь Яковлев Иван кхерамазаллехь ву. Оцу юкъараллан волонтераш меттахIиттош ду цуьнан кехаташ, балха ваха аьтто хилийта, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG