ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъаша Нохчийчу дIавигначу шина кхиазхочо юха а ницкъбина шаьшинна, боху СИЗО-хь


БIаьста Нижний Новгородера лачкъийна Соьлжа-ГIала вигинчу Нохчийчоьнан шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а юха а дIахьедина, номер 1 йолчу Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-н белхахоша шаьшинна тIехь ницкъ бо, йетта а йетта аьлла.
"Новая газетано" хаам барехь, адвокатан динчу хеттарийн протоколашкахь яздина цунах лаьцна.

Магамадовс а, Исаевс а дийцина, байначу беттан 22-чохь талламан изоляторера кхелан кхеташоне вигинера шаьшиъ вентиляци йоцучу "Патриот" УАЗ-ан багажникчохь аьлла. Йовхонехь вон хиллера шайна, кораш деллар дехначу конвоиро цкъа сийсазвира, цул тIаьхьа машен юха а ерзийна, СИЗО дIавигира. Исаевс бахарехь, видеокамераш йоцучу камера чу а вигина, йиттинера цунна.

ТIаьхьа, карарчу беттан 12-чу дийнахь, Исаевс дагалецарца, камера чу иккхинчу СИЗО-н куьйгалхочун гIовса йетта а йиттина, бертаза корта баьшна хиллера цуьнан.

Магамадовна шозза йиттина - Марсхьокху-беттан 8-чохь а, 10-чохь а. Оцу деношна юкъахь протест кхайкхош цо шен куьйгаш хедийнера.

Чиллан-баттахь хаамашкахь дийца даьккхира бакъоларъяран органийн белхахоша 17 шераш долу Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а Нижний Новгородехь лачкъорах. Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар.

Кавказ.Реалиига лецначийн гергарчех йолчу цхьана зудчо хаийтира хьалхо, телеграм-чат лелош хилла кегийрхой, кхетош-кхиорхьама, латтабо КъурIан а доьшуьйтуш, аьлла.

Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха. Оьрсийчубьра адIаваха дагахь хиллера ши ваша, амма ца ларийра - юха а каравеана и шиъ, Нохчийчу дIавигира бертаза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG