ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь алсамбевлла бусулбанаш цабеза нах


Оьрсийчоь - Москох коьрта маьждиг, ГIурбан де. 10.15.2013.
Оьрсийчоь - Москох коьрта маьждиг, ГIурбан де. 10.15.2013.

Оьрсийчоьнан ах гергга бахархошна Къилбаседа Кавказехь хIоьттина хьал дIоггара во цахета. Амма бусулба нахе цабехам болу нах алсамбевлла цигахь кху тIаьхьарчу шина шарахь. Иштта ду Левада-центро бинчу талламан жамIаш.

Къилбаседа Кавказерчу хьолах лаьцна Оьрсийчурча бахархошна хетарг къасторхьамма Левада-центро талламаш бон дуккха а хан ю. Цо тIаьххьара динчу хаттаро гойтуш ду 2014-чу шарахь Сочехь Iаьнан Олимпиада хиллачул тIаьхьа оьрсашна хетарг дIоггара хийцаделла цахилар.

Ши шо хьалха санна 41 процент респондентана Къилбаседа Кавказехь лаьтта хьал дика а, тайна а ду аьлла хета. 44 процентана хетарехь, цигахь хьал гIоьртина ду, кхин а 5 процентана хетарехь, иза тIаме мегаш ду.

Дага даийта деза Левада-центро ша бинчу талламана даиман а санна юкъаозийна 48 регион хилар. Социологаша дийцарехь, дуьйцург ду Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а лаьтташ долу хьал. Левада-центран белхахоша Къилбаседа Кавказах лаьтта хаттар хIоттош хьахийна хилла и кхо республика.

Кхин баш дIоггара керла хIума ца аьлла талламехь дакъалаьцначу наха, муьлхачу агIор хийцалур ду аьлла хета шуна цигара хьал аьлла шайга хаьттича. 15 процент Оьрсийчура бахархой бу иза толур ду аьлла хеташ (2014-чу шарахь уьш 17 процент бара). 13 процент мелхо а хьал телхира ду аьлла хета (ши шо хьалха уьш бара 12 процент).

Ткъа 61 процент репонденташна хетарехь, Къилбаседа Кавказера хьал ша ма-дарра дуьсур ду (2014-чу шарахь цу нехан терахь дара 12 процент). Левада-центро хIоттийначу хаттарна дала жоп доцуш бисина нах а бу Оьрсийчохь. Уьш 12 процент бу.

Кхин цхьа хаттар а ду Лавада-центрера социологаша сих-сиха хIоттош. Иза доьзна ду федералан Iедалш Къилбаседа Кавказерчу хьолана Iуналла дан аьтто болуш хиларх лаьцна. Цу хьокъехь Оьрсийчура бахархошна хетарг вуно хийцаделла.

Иштта, 2011-чу шарахь 5 процент оьрсий бен бацара Москох Къилбаседа Кавказера хьал шен куьйгакъеллахь латталуш ю аьлла хеташ. Тахана цу тайпа нах 13 процент бу. Иза дукхачу хьолехь хуьлуш ду аьлла хетарш шозза гергга алсамбевлла: 29 процентана тIера 53 проценте кхаччалц.

Кремл гIорасиз ю Къилбаседа Кавказехь Iуналла дан аьлла хеташ бац тахана 20 процент респонденташ а бен.

Амма цхьа хIума хийцаделла Оьрсийчурча бахархойн ойланашкахь. Шун хIун ойла ю бусулбанех аьлла, хIоттийначу хаттарна 14 процент бахархоша жоп делла "дикачу агIор" аьлла. 2008-чу шарахь цу нехан терахь дара 23 процент.

Мелла а дикачу агIор хьоьжуш ву кхин 13 процент респондент (27 процент бара и нах 8 шо хьалха). Бусулбанашна мелла а дуьхьал ойла йолуш бу 32 процент нах. Башхалла а доцуш цаьрга хьожу 48 процент.

Бусулба нахе цабезарца хьожучу нехан терахь алсамдаьлла 10 процентана. Хьалха уьш 6 процент а бен цахиллехь, тахана уьш 16 процент бу. Бусулбанаш вуно цабезачу нехан терахь 2 процентана тIера хьаладаьлла 6 проценте кахччалц.

Цу кепара хьал хийцадаларан бахьанаш дуккха а ду. Говзанчаша билгалдаккхарехь цу гIуллакхана коьртачу декъана Iаткъам бинарг ду Оьрсийчохь националистийн ойланаш йолу нах алсамбоволар а, махкахь хуьлу тIеман хиламаш бусулба нахаца бозар а, Оьрсийчоь Шемахь боьдучу тIаманна юкъаяхар а иштта дIа кхин а.

XS
SM
MD
LG