ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оха санна дукха ахча цхьаммо а ца дойъу". Олимпиадах чамбаьлла Кадыровн


 Кадыров Рамзан (архивера сурт)
Кадыров Рамзан (архивера сурт)

Олимпиадехь лулахоша баьхна толамаш бу Нохчийчуьрчу спортхоша баьхначул дукха – оцо догдохийна Кадыров Рамзанан. ГIалгIайчоьно а, ХIирийчоьно а цхьацца деши даьккхина Токиохь, ткъа Дагестан-м ю юьззина рекордсмен – кхоъ дашо мидал.

Кхачаме доцу жамIаш

Нохчийн спортхоша Олимпиадера деъна совгIаташ дагардина меттигера Iедал даьлча, даржера дIаваьккхина мехкан спортан министр Кадыров Хьамзат – республикан куьйгалхочун вешин кIант. Керла спортан министр ву хIинца – хIинццалц мехкан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин буьйранчин хьалхара гIовс Iийна волу Ибрагимов Турпал-Iела.

Я хилларг а, я хIинца хIоьттинарг а вац цхьана а кепара спортца гIуллакх деана стаг. Делахь а Кадыров Хьамзат ву, масала, спортан тренершна Iамант арахеца а тIехь.

Тхан Даймохк а бу, дай баьхна латта а ду! Нохчийчуьра цхьа спортхо гIур вац нейтралан байракхна кIел

2017-чу шарахь Кадыров Рамзана, цхьа нохчо гIур вац нейтралан байракхна кIел, элира.

"Оьрсийчоьнан бахархошна оьшу шайн байракх. Тхан Даймохк а бу, дай баьхна латта а ду! Нохчийчуьра цхьа спортхо гIур вац нейтралан байракхна кIел", – аьлла дара дешнаш. Амма Оьрсийчоьнан спортхойн олимпан тобанехь вара Нохчийчуьра исс стаг.

Иссаннах цхьана дзюдо латархочо Башаев Тамерлана а, боксеро Хатуев Имама а яьккхира йоьзан мидал. Нохчийчуьра схьаваьлла волейбол ловзархо Куркаев Илес а хIоьттира Оьрсийчоьнан тобанца цхьаьна детин даьккхинчийн могIара. Цуьнан толамах лаьцна цхьа ларамза санна бен а ца хиира Нохчийчохь.

Австрина кхоалгIа меттиг баьккхира кхин а цхьана нохчочо – дзюдо латархочо Борчашвили Шемала. Ша Нохчийчоьно ахча делла Токио хьажийна ца хиллашехь, цо а бехира баркаллаш Кадыровна шегахьа доглазарна. Иза ца тайра Австрерчубахархошна, Кадыровна баркаллаш бохуш иза велахь, шен толам цо цунна тIехьош белахь, тховкIело оьшуш ца веана Австре, бохура.

Вешин кIант даржера вохийна Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхойн кхеташонехь Кадыров Рамзана дийцира, стенна воккху ша спортан министр Кадыров Хьамзат даржах мукъа. Кхеташонан гулам дукхахберг бара Олимпиадехь нохчийн спортхоша шаьш ледара гайтарна тIехьажийна.

"Ши йоьза мидал – ду иза-м оьшуш жамI юкъарчу гIуллакхна, амма вайгарчу таронашца дуьстича, вуно ледара жамI ду. Кхузарчу спортхошка далундолчуьнга хьаьжча, кIезиг баьхна толамаш", – дIахьедира республикан куьйгалхочо.

Кадыровс бахарехь, махкарчу спортан федерацийн куьйгалхойх, тренерех, спортхойх берраш а бац шайн гIуллакхна чу садиллина къахоьгуш, ткъа мехкан куьйгалло спорте бюджетан ахча хьежийна ца Iаш, Iедалера доцу ахча а хьежадо кхоа ца деш. Оцу юккъехула цо хьийхира, спортхой дуьненаюкъарчу турнирашка баха Нохчийчоьнал арахьа а ца кечбеш, махкахь кечбар.

"ГIолехьа хир ду кечамаш цIахь, республикехь бар. Дерриг а долуш ду вайн цунна. Федерацеша бух балийча бен ца оьшу махкара спортхой турнирашна кечамаш бан кхечу регионашка бахийта", –элира Кадыровс.

"Цхьа да вац, вай санна дукха ахча дойъуш, амма дац суна гуш жамIаш, тIаккха ахчанца дозуш дац-кх хьал, гарехь. Ткъа жамI, ма-дарра аьлча, ноль ду", - билгалдаьккхира мехкан куьйгалхочо.

Керла спортан министр Ибрагимов Турпал-Iела декхаревина Кадыровс атлеташ кечбар бухера дуьйна дIа юхаталла, юхалиста.

Гергарнаш дехьа-сехьа хIиттор

Ибрагимов Турпал-Iели шича ву Кадыров Рамзанан (шиннан наной йижарий бу). Керлачу дарже хIоттавале мехкан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс вара иза, цул хьалха вехха Iийра Шелан кIоштан коьртехь.

Уггаре хьалха Ибрагимов ву вевзаш Нохчийчохь хиллачу цхьана некъахьовзамца доьзна – шен "мерседесахь"вогIуш, ша иза лелош а волуш, 2018-чу шеран ГIура-беттан 4-чу буса Устрада-ГIалара Соьлжа-ГIаличу боьдучу новкъахь нехан "жигули" машен йохийра цо. "Жигули" чуьра нана а, цуьнан йоI а елира циггахь, дарбан хIусамехь дIавелира доьзалан да а. Ца далийтира дов Iедале, нохчийн Iадатехь дерзийра.

ХIора спортхо тергоне эца а, вела а, висина а, спортан олимпан кепаш тидаме лаца

Цул совнаха, пачхьалкхера веддачу, Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полкехь сержант лаьттинчу Гезмахмаев Сулимана тоьшалла дарехь, 2017-чу шарахь, тIехь йина кхел а йоцуш, лецна нах бойъуш дакъалаьцна а ву Ибрагимов.

Керлачу министра йовзийтина Кадыровна "спортан статистика". Спортан министраллин бюджет ю 2 миллиард сом гергга, махкахь ву 1778 тренер, цара Iамош ву карарчу хенахь 93 214 спортхо. Спортхойх спортан мастеран кандидат ву 1307, мастер – 2250, дуьненаюкъарчу спортан мастер 20 ву. Кадыровца шецца бина барт а болуш. Махкахь дIабаьхьна кегийрхой кхетош-кхиоран 861 барам. Дакъалаьцна оцу барамашкахь 23 эзар спортхочо.

Махкахь хила дезаш ма-хиллара, керлачу министра дош делла мехкан куьйгалхочун ден некъанна муьтIахь хила а, "хIора спортхо тергоне эца а, вела а, висина а, спортан олимпан кепаш тидаме лаца а".

Олимпхочуьнца Хатаев Имамца къамел хьош керлачу министра билгалдаьккхира массо а Кадыровна баркаллаш баха декхаре хилар: "Хьанна а ца лаахь а, гуш ду нохчий Олимпиаде хиллийла а, вайн мехкан куьйгалхо ву уьш цига кхачийнарг".

Политика а, йоккха спорт а

Европерчу нохчийн ассамблеян президент Муртазалиев Аслан тешна ву "дукхаболчу политикаша спортах шайна пропаганда еш пайдаоьцуш хиларх, масала, дагалоцур вай 1936-чу шарахь Берлинехь хIоьттина Олимпиада, я 1980-чу шарахь - Москвахь".

"Къайле яц,- боху Муртазалиевс – дукхаболчу спортхойх депутаташ хуьлуш хилар, масала, латархой Сайтиев Бувайсар, Таймазов Артур, самбо латархо Хасанов Мурат, футболхо Газзаев Валерий, дуккха а кхиберш, хууш хIума доццушехь. Цу тIе, санкцеш шаг мел йо а, пропаганда жигаръяккха езаш а хуьлу церан, цундела гергаийзабо цара бевзаш болу нах, царалахь спортхой а. Ткъа шайна спортхошна а деза хаа, цкъа оцу гIурта юкъа шаьш боьлча, цунахцкъа а мукъабовлалур боцийла".

Цуьнца шеца а бу цхьа ницкъ – хьагI, нехан толамашка хьогам, ца тов цунна цара шега баркаллаш ца бохуш

Нохчийн "Вайфонд" ассоциацин Германерчу векала Абдурахманов Мохьмада билгалдоккху "тIаьххьара Олимпиада Кадыровн догдохош йирзина" хилар – цуьнан "Ахмат" клубо ца даьккхина деши.

"Иза цунна вуно хала ду лан, репутаци йоьжна цуьнан, Кадыровх а, цуьнан "Ахмат" клубах а къехкаш лелачу спортхоша яьхна дешин мидалш", – чIагIдо Абдурахмановс.

Цунна герехь, шен имидж ирхъяккха оьшу цунна и тайпа толамаш, иза ша дина алархьама.

"Шена Малхбалехь дуккха а пачхьалкхаша тоьхна латтачу санкцешна юккъехула дуьнентIехь шен цIе айъян гIерта иза. Цуьнан гIора ду оцу агIонца. Бакъду, цуьнца шеца а бу цхьа ницкъ – хьагI, нехан толамашка хьогам, ца тов цунна цара шега баркаллаш ца бохуш. Ша цаларар санна хIума ду цунна иза, спортсменех милла а, цхьа таро ерг, шен "Ахмат" клубе дIаозаво цо", – аьлла хета Абдурахмановна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана баккъал а дика лелабо "шен" спортхой: 2017-чу шарахь цхьацца федерацешкарчу спортхошна шен ден цIарах йолчу фондан ахчанах эцна машенаш йийкъира цо. Оццу шарахь Нохчийчуьрчу футболан "Ахмат" клуберчу кхаа ловзархочунна а елира Mercedes машенаш.

Спртанна тIекарло еш, дуккха а бевза нах кхойкху цо цхьацца барамашка. Малхбалерчу цхьаболчу визитерашна тIаьхьо тIедужу шайн цIахь оцу бахьанийца бехказбийлар – Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евпран дуккха а мехкийн санкцешна кIел воллучу Кадыровца хьан-сан лелор эхье лору Малхбалехь.

Масала, 2015-чу шарахь Нохчийчохь хиллачу гоьваьллачу Америкерчу латархочоУайдман Криса тIаьхьо дIахьедира, ша ванне а вац Кадыро Рамзанца юкъарлонашкахь, аьлла.

Бехкаш бохуш хьийзийра Соьлжа-ГIала вахарна Мисарара футболхо Салахь Мохьаммад а. Кадыровца суьрташ дахарна а юьхь ехира цуьнан бакъоларъярхоша.

Спортхой боцчийн а нийсло Кадыров волчохь шаьш нисдаларна бехказа бийла безаш. Америкера актриса Суонк Хилари, масала яханера 2011-чу шарахь Соьлжа-ГIала кхоллаелла а, Кадыров вина а де даздечу барамашка, тIаьхь цуьнан дийзира оцу бахьанийца шен махкахой къинтIерабаха.

Цхьаболучара лечкъа а ца дора шаьш Кадыров волчу кхачаран бахьана – цо яккхий гонорараш ло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG