ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Охан-баттахь Путина раках дарбадарх хиъна Американ таллархошна


Лоьраша Путинан могушалла зуьйш
Лоьраша Путинан могушалла зуьйш

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Охан-баттахь тIаьххьара муьрехь долу цIе ца йоккхучу лазарх дарба лелийна. Цунах лаьцна яздо Newsweek журнало, лаккхарчу даржашкарчу кхаа анониман хьостанна тIетевжина. Документа тIехь иштта дуьйцу, Зазадокху-баттахь политикна кIелоярх а.

ГIирсан хаамашца, Охан-бутт бовш а, Стигалкъекъа-бутт юккъе баллалц а америкахойн къайлахчу сервисийн консенсус хиллера, Путин вон цомгаш ву, хетарехь, леш хила а тарло аьлла. Талламхой тешна бу, коронавирусах йолчу изоляцино цуьнгара хьал къайладаьхьна хилла хьесап ду аьлла.

Охан-беттан юьххьехь «Проект» ресурсо хаамбира, 69 шо долчу президентца тIаьххьарчу шерашкахь сих-сиха дIсалела воьлла, гIеметтахIоттинчу а, къеначу а нехан хьорзамха екхоънах кхеттачу, цIе ца йоккхучу цамгарна тIехь говзалле вирзинчу лорца а, хирургца а цхьаьна аьлла.

Путинна кIелойинчух тера ду аьлла, Стигалкъекъа-бутт бовш дIахьедира «Украинская правда» газете Украинан тIеман министраллан таллархойн урхаллин хьаькамо Буданов Кирилла а. ЧIагIдора, "ши бутт хьалха хиллачух тера ду" бохуш, изза хан ю америкахойн таллархоша юьйцург а. "Аьтто боцуш" дара аьлла Будановс, вен гIортар.

Президентерчу хьолах Кремло еш комментарий яц. Делахь а, «Проектан» публикацина жоп луш, Путинан пресс-секретаро Песков Дмитирийс «шаьш кхоьллина» материал ю элира, президент цомгаш вац аьлла, дIа а хьедеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG