ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрийчоьнан МИД-ан векал: Оьрсийчоьно кховдийнарг альтернатива ю "тIеман сценарина"


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметта Грушко Александр
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметта Грушко Александр

Оьрчийчоь йолалур ю "дуьхьалкхерамаш" кхолла НАТО-на, нагахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, цуьнан бертахой а реза цахилахь Москвано кхун кIиранах официалан кепара зорбане яьхначу Европерчу кхерамазаллах лаьцначу бартийн проекташна. Цунах лаьцна дIхьедина шоьтан дийнахь "Соловьёв LIVE" ютьюб-каналан эфирехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Грушко Александара.

Президента Путин Владимира "кхерамазаллан гарантеш" санна хьалхо йийцинчу Оьрсийчоьнан проекташкахь, кхин долчуьнца цхьаьна ду, Украина а, Гуьржийчоь а юкъацарх НАТО юхаялар а, НАТО-но тIеман-техникан юкъаметтигаш цалелор а муьлххачу а СССР-на юкъайогIуш хиллачу пачхьалкхаца (НАТО-на юкъахь йолу Балтин пачхьалкхаш йоцург), юккъера а, лахара а геналла йолу ракеташ а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн зарратан герзаш а Европехь цахIиттор а.

Грушкос дийцарехь, Оьрсийчоьно кховдийнарг, цунна хетарехь, Москван Малхбузерчу пачхьалкхаца юкъаметтигаш тIекхаьчначу "кхераме зилна уллера юхадовларан Iалашо йолуш ду".

"Бакъдолчуьнан киртиг тIекхаьчна", – дIахьедина Оьрсийчоьнан МИД-ан векло. Цо дийцарехь, хетарг дIахаийтина "цIена а, кхеташ болчу а маттаца", хIунда аьлча, цунна хетарехь, НАТО-н пачхьалкхаш бохо юьйлаелла хьалха Оьрсийчоьнца бина хилла барташ. Цуьнца цхьаьна, цо хIумма а цахьахийра Украинех лаьцна, цунна гонах долу хьал бахьана хиллехь а, Оьрсийчоьнан а, Малхбузен а юкъаметтигаш иръяларна.

ТIаьххьарчу масех кIиранах Малхбузерчу пачхьалкхийн талламан сервисаша билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан эскарш гуллуш хилар Украинин дозанашца. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цуьнан бартахоша а хIоьттина хьал тIеоьцу, Оьрсийчоь шуьйра масштабан Украинина тIелата мегаш хиларан кхерам болуш санна.

Иштта фон а йолуш, НАТО-но Украинехь лелочо Оьрсийчоьнна кхерам бохьу бохуш, иза бехке а еш, Москва къамелаш дан йолаелла "кхерамазаллин гарантеш" ло шена бохуш. Кху кIиранах зорбане даьккхина документ шуьйра масштабан башхалла йолуш ду, иза Украинех хьакхаделла цаIан. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедина, Оьрсийчоьно кховдийнарг шаьш дийцаре дийр ду шен бертахошца, амма билгалдаьккхира НАТО-н а, Европерчу кхерамазаллах йоьзна коьрта принципаш шеконе яхка оьшуш дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG