ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дIадоьдуш ду Пачхьалкхан думан харжамийн коьрта де


Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхажтасар, ГIад. 19, 2021 шо
Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхажтасар, ГIад. 19, 2021 шо

Оьрсийчохь дIадоьдуш тIаьххьара, Пачхьалкхан думан харжамийн коьрта де. Оьрсийчоьнан бахархоша хоржуш ву 450 депутат – 225 цхьана мандатан гонашкахула а, 225 -партийн тептаршкахула а. МогIарера дукхаралла хила партина Думехь оьшу 226 мандат, конституцин дукхараллина оьшу -300.

Камчаткехь а, Чукоткехь а харжамаш дIабирзина, Москвахь Iуьйранна 11 даьлча.

Пачхьалкхан думан харжамашкахь шолгIа де дIаьдаьлча къажтасарехь дакъалаьцна Оьрсийчохь (аннекси йинчу ГIирмехь а цхьаьна) 31,5% харжамхоша, хаам бина Коьртачу харжамийн комиссино. Оцу терахьна юкъахь бац электонан кепехь кхажтеснарш.

Оьрсийчуьрчу регионашна юкахь харжамашкахь жигаралла гайтарехь хьлхаяьлла ю Нохчийчоь. Цигахь, шотдийнан сарахь лаьрча, къаж тесна 73,5% харжамхоша. Кхаж таса уггар къезиг харжамхой баьхкина регион ю Хакаси – 17%.

Гезгмашин-беттан 18-хь делкъалтIаьхьа 3 сахьт даьлча лаьрча Москвахь кхаж тесна 30% сов харжамхоша, Санкт-Петербургехь и терахь ду – 16,5%.

Кхечу пачхьалкхашкара зорбан гIирсаш терагам беш бу Оьрсийчуьрчу харжамашна. Иштта Би-би-си-но билгалдоккху, федералан харжамаш дуьххьара кхаа дийнахь дIахьуш хилар. И кеп зийнера 2020-чу шарахь Конституцина тIехь хийцамаш беш. Кхажтасар хилира Оьрсийчохь коронавурисун пандемин хьалха тулгIе йоьдуш а йолуш. Кхин а масех кIира даьллачул тIаьхьа Пачхьалкхан думо низам тIеийцира кхажтасар масех дийнахь дIадахьа бакъо луш.

И низам тIецнера ун кхетарх бахархой ларбархьамма оьцу аьлла. Амма карарчу Думан харжамийн хьалхарчу дийнахь дуккха а регионашкахь кхажтасархойн раьгIнаш хIиттира, цхьа а социалан дистанци ларйеш а оцуш.

Дуьненаюкъарчу французийн радионо яздо, Францера зорбан гIирсаш къийсалуш бу кхаа дийнахь дIахьучу, официалан кепара харжамаш олучу кхажтасаран кепана билгалдар лоьхуш.

Царах цхьаъ ду – "Буьззинчу барамехь Iуналлехь болу, гIоьмаш тоьхна, догIа тоьхна оьшуш боцчу кандитаташна…"

Цкъ а ца хиллачу кепара лахара "Диная Россия" Iедалан партин рейтинг а йолуш (30% ца кхоччуш), Кремла дерриг а дина иза толийта, билгадоккху RFI-н (Дуьненаюкъара французийн радио) Москварчу корреспондента Эль Джабри Анисас.

Гезгмашин-беттан 17-хь кхажтасаран хьалхарчу дийнахь ур-аттал дуьненан гиганташ Google а, Apple а кIелтаьIира Оьрсийчоьнан Iедалша бечу Iаткъамна, шайн онлайн-туьканашкара "Навальный" аппликаци дIа а яьккхина, Оьрсийчьурча бахархой тIекхчаш йиш а йоцуш а буьтуш оппозиционеран накъосташа кечдинчу "Хьекъалан кхажтасаран" хьехаршна. ШолгIачу дийнахь "Хьекъалан кхажтасаран" бот дIаяьккхира Telegram мессенджеро, YouTube блок хIоттийра кандидатийн цIераш тIехь йолчу видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG