Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин а, Федерацин Кхеташонан а пачхьалкх кхиаран а, низамашкахула а йолчу комитетийн куьйгалхоша Крашенинников Павела а, Клишас Андейс а Думе кховдийна регионерчу Iедалан органийн реформах лацна низаман проект.
Оцу проекто, ша аьлча, цхьатерра кеп йо ю федерацин ерриг субъекташкахь, шорбо, президентан тешам бар бахьана долуш, регионийн куьйгалхой дIабахаран бух, ткъа иштта дIадоккху регионийн куьйгалхошна и дарж моггIара шозза бен дIалаца бакъо ца луш долу дехкар.
И документ цкъачунна Пачхьалкхан думан базехь дац, иза далош ду хаамийн агенталлаша.
Клишаса, Крашенинниковс а Думе чулуш йолу низаман проекташ Кремло къобалйина хуьлуш Iедал ду. Ткъа иза ду уьш тIеоьцур ду бохург.
Документо иштта цхьатерра йо регионерчу лаккхарчу даржийн цIераш – царах эр ду Оьрсийчоьнан Федерацин субъектийн куьйгалхой. Иза ду тIейогIучу хенахь "губернатор", "Москван мэр", я "ГIезалойчоьнан президент" даржийн цIераш хир яц бохург.
Куьйгалхо олуш Iедал ду карарчу хенахь, республикашна куьйгалла дечу нахах (ГIезалойчоь йоцчунна, цигахь президентан дарж дисна).
Регионан куьйгалхочо даржехь йоккху хан а хир ю массанхьа а цхьатерра – 5 шо. Шозза бен моггIара дарж дIалацар дехар дIадоккхур ду.
Иза ду, масала, Москван мэран Собянин Сергейн 2023-чу шарахь бакъо хир ю бохург, кхоалгIа а оцу даржехь виса.
Путин Владимира хьахорца, стохка конституцехь бинчу хаамашца а догIуш, федералан а, регионан а, муниципалан а Iедал дац Оьрсийчохь цхьаалин Iедал. Оцу хийцамашна критика ечара дийцара, и хийцамаш богIуш бац Оьрсийчоьнан федералан дIахIоттамца, цара йохайо меттерчу Iедалийн бакъонаш, бохуш.