ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь кхажтасар дIадирзина Пачхьалкхан думан харжамашкахь


Гайтаман сурт

Оьрсийчохь дIадирзина Пачхьалкхан думан харжамаш. Кхажтасар хилира кхаа дийнахь, бозуш боцчу тергамхоша дийцарехь, уьш дIабахара дуккха а низам дохараш а хуьлуш, шайна юкъахь бюллетенаш чукхийсар а хуьлуш.

Карарчу хенахь дагардеш ду кхаьжнаш. Свобода Радио тергам беш ю цунна онлайн-трансляцица.

ЦхьамоггIа регионашкахь – Генарчу Малхбалехь а, Сибрех а – хIинцале а хууш ду хаьлхара харажамийн жамIаш. Иштта, кхаа куьпахь хьалха ю "Единая Россия" а, КПРФ а партеш.

Кхоччуш сурт девзар ду, хетарехь, кхана Iуьйранна.

Харжамашкахь дакъалацначу бахархойн терахь дара Гезгмашин-беттан 17-хь Москвахь 18:00 сахьт даьлча - 45 процент.

Оьрсийчоьнан бахархоша хоржуш вара 450 депутат – 225 цхьана мандатагн гонашкахула а, 225 -партийн тептаршкахула а.

Нохчийчохь хоржуш вара республикан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан а, республикан парламентан а, Соьлжа-ГIалин думан а, ткъа иштта шина гIалан а, 14 муниципалан кIоштан а, 174 эвлан депутаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG