ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь мел кIезиг а 30% алсамдевлла кхаьънаш эцарца зуламаш


Гайтаман сурт

Оьрсийчохь 2021-чу шеран динчу зерашца 27,8% лакхадаьлла кхаьънаш эцарца зуламаш лелор - 18,5 эзар зулам ду иза, кхаьънашца доьзна. Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане даьхна оцу кепара зераш шайн рапортехь, яздо Сибирь.Реалии проекто.

Пхи эзар зулам (+20,3%) доьзна ду кхаьънаш эцарца, 4,5 эзар ца кхоччуш (23,3%) - кхаьънаш даларца, 2 эзар сов (+40,7%) ахча дIакховдош юкъарло лелорца доьзна. Кега-мерса кхаъ эцарца лелийна зуламаш ду 7 эзар сов (33,3%).

2021-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIаяздина 35 эзар коррупцица доьзна зулам, 2020-чу шарахь хиллачул а 14 процентна алсам ду иза.

Терроран хьажамца долу зуламаш лахделла хилар билгалдаьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло (-8,8%), ткъа экстремизмаца доьзна зуламаш мелхо а алсамдевлла (+26,9%).

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экономикан дакъоша 2021-чу шарахь 1,1 миллион соьмел сов кхаьъанш эцна 2,5 эзар меттиг гучубаьккхина. ТАСС агенталле дийцина цунах лаьцна полицин инарла-лейтенанта Курносенко Андрейс.

ТIаьххьарчу бархI шерачохь коррупцин тIегIа рекорде ю аьлла, билгалъяьккхира 2021-чу шарахь. Инарла прокуратуран хаамашца, дахначу шеран ворхI беттачохь 24,5 эзар коррупцин сферехь зулам дар къаьстина. Царех ах кхаьънаш эцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG