ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар а хьалха "Нана-турпалхо" цIе йелларг ю Кадыровн хIусамнана


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнана Медни (юккъерниг), Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо кхачарна хIоттийначу концертехь. 2018 шо
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнана Медни (юккъерниг), Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо кхачарна хIоттийначу концертехь. 2018 шо

Дуьххьара "Нана-турпалхо" мидал кхачийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Иза елла Ямало-Ненецкан автономин гонашкарчу итт беран нанна Дехтяренко Ольгина а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанна Кадырова Меднина а. Оцу цIарца цхьаьна низамо тIечIагIдина цхьа миллион сом далар а.

Омрана тIехь яздина ду, оцу кепара цIе елла Кадырована "доьзалан институт чIагIъярехь дакъалацарна а, бераш кхиорна а". Ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедора, 14 бер ду шаьш кхиош аьлла – уггар а кегийчийн ду пхиппа шераш.

ГIадужу-баттахь ДоттагIаллин орден кхачийра Кадырова Меднина сепаратистийн "Луганскан халкъан республикин" куьйгалхочо Пасечник Леонида. ХIетахь Японино Кадырова, республикан урхалхочун официалехь зуда хиларе терра, санкцийн тептаре язйира – цу юкъаяхийтира иштта, документа тIехь Кадыровн зударий бу аьлла, - Хазуева Фатима а, Ахмадова Амина а. Гезгамашин-баттахь кхуьй а зуда язйира иштта США-н санкцийн тептаре – пачхьалкхан бахархошна а, резиденташна а доьхку цаьрца бизнес лелор.

Хьалхо "Проект" ресурсо Хазуева Фатимех лаьцна щаьш бина таллам арахийцира -журналисташа дийцира, цунна тIеязйинчу активех, иштта гайтира, Кадыровн шолгIа зуда ю бохучо "Нохчийчоьнан хазалла-2006" конкурсехь дакъалацарх видео а. И материал зорбане яьккхинчул тIаьхьа канало дIаяьккхира и видео.

  • Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира, регионехь пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух лаьттта тептар. Церан могIарехь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIарий Iайшат (мехкан культурин министр), Хадижат (школазхойн департаментан хьаькам), ХутIмат (Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIовс) , иштта 16 шо долу кIант Ахьмад, Нохчийн Республикера берийн а, кегийрхойн а Оьрсийчоьнан боламан куьйгалхо волу.
  • ГIадужу-беттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий 16 шо долу Ахьмад, 15 шо долу Iели, 14 шо долу Адам шайн йишица, 23 шо долу культурин министрца Iайштаца хилира "ДНР" олучу территори тIехь. Цунах лаьцна шуьйра дийцира Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь – цо чIагIдора, шен кхиазхоша-воIарша билггал тIамехь дакъалаьцна бохуш. ТIаьхьо зорбанан министро Дудаев Ахьмада а бакъдира и.
  • Бюджетан ахчанах Куьрчалахь йира физкультурин-спортан комплекс. 15 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIентан Кадыров Iелин цIе тиллира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG