ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархошна ламастан мехаллаш билгалйохуш тептар кечдина культуран министралло


Оьрсийчоьнан культуран министралло проект кечйина, Оьрсийчохь "ламастан мехаллаш ларъян а, чIагIъян" Iалашо йолуш. Цигахь хьехош ю нехан идейш а, махкара бахархой синкхетам кхиарна болу кхерамаш а. Иза гойтуш ду низамийн актийн нормативан акташ тIехь долчу федералан порталехь зорбане даьккхинчу документа тIехь,хаам бо "Настоящее время" телеканало.

Дуьйцучу документан цIе ю "Основы ‎государственной политики по сохранению и укреплению ‎традиционных российских духовно-нравственных ценностей". Юкъараллехь дийца даьккхина ду иза кху беттан 21-чу дийнахь дуьйна. Ши кIира даьлча, Чиллан-беттан 4-хь, иза кечдина дера долуш ду.

Ламастан мехаллаш юьйцуш ю документехь "гIиллакхе Iалашонаш" санна, махкахойн цхьаала чIагIйеш цхьана чIорера кхечу чIоре дIалуш йолу.

Ламастан мехаллаш лору документан авторша:

  • дахар
  • сий
  • адаман бакъонаш а, маьршонаш а
  • патриотизм
  • гражданалла
  • Даймахкана гIуллакх дар
  • Даймехкан кхолламна жоьпаллехь хилар
  • лаккхара гIиллакхийн идеалаш
  • бертахь доьзал
  • хьанал къахьегар
  • бахамал а син хьашташ мехала хилар
  • адамалла
  • къинхетаме хилар
  • нийсо
  • адамех дIа ца къестар
  • вовшашна гIо дар
  • вовше ларар
  • историн эс
  • тӀаьхьенаша гIиллакхаш кар-кара далар
  • Оьрсийчоьнан къаьмнийн цхьаалла

Хийрачу мехаллашна юкъатоьхна авторша:

  • ша-шен лараран культ
  • шена дерриг магоран культ
  • гӀиллакх цахиларан культ
  • патриотизман идеалаш тӀе ца эцар
  • Даймахкана гIуллакх даран идеалаш тӀе ца эцар
  • ТIаьхье кхиоран идеалаш тӀе ца эцар
  • Хьанал къахьегаран идеалаш тӀе ца эцар
  • Оьрсийчоьно дерригдуьненан исторе диллина хазна дикацу агIор хилар тӀе ца эцар
  • Оьрсийчоьно культуре диллина хазна дикацу агIор хилар тӀе ца эцар

Оьрсийчоьнан культуран министраллана хета "деструктиван идеологешкара" коьрта кхерамаш схьаболу аьлла экстремистийн а, террористийн а вовшахтохараллашкара а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цуьнан бартхоша а, транснационалан корпацешкара а, кхечу пачхьалкхашкарчу Iедалшца йоьзна йоцчу вовшахтохараллашкара а, ткъа иштта, "ламасташ а ца лардеш" Iилманан а, культуран а, дешаран а, информацин а сферашкахь дIахьучу реформашкара а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG