ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархой сийсазбинчу азербайджанхойн дипломате вистхилла Жириновский


Жириновский Владимир
Жириновский Владимир

Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин (ЛДПР) лидеро Жириновский Владимира тIедожийна Азербайджанан президентна Алиев Ильхамна, боллу Оьрсийчоьнан бахархой сийсазбинчу азербайджанхойн дипломатана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла. СоловьёвLive YouTube-каналехь дина цо ишта дIахьедар, яздо Новости агенталло.

Хьалхо социалан машанашкахь видеоролик яржийнера, ша Азербайджанан цIарах Белоруссехь а, Молдавехь а, Пакистанехь а посол лаьттина Вагабзаде Исфандияр ву аьллачу стага Жириновский а, "оьрсийн къам" а аьшнашдеш "хьакхарчий", "варраш" бохуш.

"Мехкан куьйгалхочун цIарах кехат дохьуьйтур ду, циггахь бехкзуламан гIуллакх делла аьлла. ХIунда аьлча, и дерриг а сий дайъар ду. Халкъалахь а ма дац иштаниг, ткъа хIара профессор ма ву ша", - аьлла политико Жириновскийс.

"Советан заманахь гулбелла цабезам" бу иза аьлла ЛДПР-н хьалханчас, Вагабзаден багара оцу тайпа дешнаш дийларх цец а вуьйлуш.

Карладоккху, 2013-чу шарахь Жириновскийс кавказхошка доьзалш ца дебабойтуш дуьхьало ян а еза, Кавказ аьчка серашца Оьрсийчоьнах дIахьулъян а еза, бохуш, рогIехь кхайкхамаш баржийра.

Оцу хьокъехь "Яблоко" партин лидер хиллачу Митрохин Сергейс кхерам тесира цунна, цуьнан кхайкхамаш нацистийн а бу, ша иза кхеле а лур ву аьлла. Цуьнан претензеш абсурде ю, пачхьалкхехь дешан маршо ю лелаш аьалла, жоп хазийра цунна Жириновскийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG