ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан ФСБ-но дIахьедина, Украинин кхо махкахо лаьцна шаьш аьлла  


Орсийьнан ФСБ-но дIахьедина, талламан-диверсин гIуллакх деш хилла, Украинин кхо махкахо лаьцна шаьш аьлла, хаам бо Свобода Радионо.

Оьрсийчоьнан лерринчу сервисан сайта тIехь болчу хаамехь дуьйцуш ду, лаьцначех шиъ Украинин Кхерамазаллин сервисан агент ву аьлла. Цаьршимма, чIагIдарехь, хаамаш гулбеш хилла стратегин объектех лаьцна. КхоалгIа ву тIеман министраллмн талламан Коьртачу урхаллан белхахо. ФСБ-но дийцарехь, иза теракт кечйеш хилла.

Оьрсийчоьнан лерринчу сервисо чIагIдо, Украинин махкахой къера хилла шаьш бехке хиларна, бохуш.

Украинин агIоно цкъачунна Оьрсийчоьнан ФСБ-н хаамна комментари йина яц.

Кхин а, хиъна, Оьрсийчоьнан кхело 6 шо 6 бутт хан тоьхна чувоьллина хиларх лаьцна Украинин тIеман талламан хилла волу белхахо Швиденко Сергей. ФСБ-но дийцарехь, аннекси йинчу ГIирмехь диверсийн тобанна урхалла деш хилла иза. Цо тIелаьцна шен бехк хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG