ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьнан Iедалхошна ца веза Кадыров Рамзан": нохчийн куьйгалхочун кIант политикан майданахь


Азербайджанан муфтийца хиллачу цхьаьнакхетарехь ву Кадыров Ахьмад, Кадыров Рамзанан телеграм-каналера схьаэцна сурт
Азербайджанан муфтийца хиллачу цхьаьнакхетарехь ву Кадыров Ахьмад, Кадыров Рамзанан телеграм-каналера схьаэцна сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI а, гIоьнча а волу Кадыров Ахьмат Оьрсийчоьнан дешаран министраллин куьйгалхочуьнца Кравцов Сергейца, президентаца Путин Владимирца а цхьаьнакхийтира. Цул тIаьхьа дипломатан вояж йеш, Азербайджане вахара. Цигахь иза цхьаьнакхийтира куьйгаллин декъахошца а, бизнесхойшца а, муфтийца а. Стенца доьзна ду жимох волчу Кадыров Ахьматан жигаралла? Цуьнан ден йу бохучу цамгарца цхьаьна хеннахь нисделла долу, къестош, дийцира Кавказ.Реалии сайто.

ДIайаханчу гурахь 16 шо долчу Кадыров Ахьматах Нохчийчуьрчу берийн а, кегийрхойн а йукъараллин цхьаьнакхетараллийн хьалханча хилира. Кремлана муьтIахь долчу "Хьалхарчийн болам" ("Движение первых") цхьанакхетараллин меттигерчу декъанан. Цу хеннахь цхьанакхийтира иза просвешение министраца. Официалерчу цхьанакхетарехь йаьккхина арахецначу видео тIехь гуш ду, боламан хьалханчас халла дIадоьшу планшета тIера хаттар.

2023-чу шеран зазадоккху-баттахь ша зуда йалайалле цхьажимма хьалха къона хьаькам цхьаьнакхийтира президентаца Путинца. "Владимир Владимировича дуккха а хьехарш дира жимачу Ахьматна, цо билгалдаьккхира, Ахьмат-хьажин кхоалгIа тIаьхье шайн ден-дех йаккхийра йина ца Iаш, цо болийна некъ дIакхехьа беза, кхиамаш совбаха беза", - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмехь.

Ахча а, нуьцкъаллин блок а КадыровгIеран карахь хуьлуш

Кадыровн воккхах волу кIант Бакуха вахнийла цуьнан ден телеграм-каналехула хиира. ЦхьайтталгIачу классан дешархочо йийцаре йира Нохчийчоьнан, Азербайджанан йукъаметтигаш. Экономикин министраца Джаббаров Микаилца, экологин, Iаламан ресурсийн министраца Бабаев Мухтарца, муфтийца Аллахшукюр Пашазадеца, Азербайджанан - Оьрсийчоьнан гIуллакхийн кхеташонан куьйгалхочуьнца Гурбанов Самедца (тIаьххьарниг масех шо хьалха Нохчийчу веара, Кадыров Рамзане шен стундегара Азербайджанан Президентера Алиев Ильхамера маршалла дIа а луш)

Азербайджанан Iедалан хаамийн гIирсаша цу нохчийн делегацин векалшца хиллачу цхьаьнакхетарах лаьцна хIумма ца дийцира

Шен ден амбицийн волайнхо

Кадыров Ахьматан Азербайджанерчу хьаькамашца хиллачу цхьаьнакхетарехь болу хаамаш а, "Новая газетехь" Кадыров Рамзанан хила тарлочу цамгарах, стохкалерчу аьхка дIайолийначу Кадыровн берийн промоушенех статья арайалар а цхьаьнанисделира. Шена ца хета жимох волу Кадыров Ахьмат хьалхатиттар цунах куьйгалхо ван лаарах тера. Путин шайца дика ву гайтар санна ду иза, цIеххьана ден валар нислахь, цунна кхерамзаллин гаранти йу и, элира журналисто Милашина Еленас.

Иштта ца хета Европехь вехачу Ичкерхойн "Единая сила" боламан хьалханчина Сулейманов Джамбулатна. Иза тешна ву, Кадыровн 17 шо долу кIант республикерчу лаккхарчу даржана кечвеш хиларх.

Сулейманов Джамбулат
Сулейманов Джамбулат

"Дарже хIоттон кечвеш ву цара иза, цхьацца хIума Iамош. Ахьматан хьехархо Эдельгириев Руслан ву, Нохчийчоьнан хилла волу премьер, хIинца Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча, климатан хийцамийн тергонча. Даржашкахь волчу йукъанна дуккха хIума Iемийна цунна. ХIинца Кадыровн кIантана изза Iамор а ду",- боху Сулеймановс.

Жима стаг хIоьттинчу хьолан волайнхо ву, шен жималлехь хиллачуьнца нисдо дас кIентан къона шераш. Цхьанна хIумнах, бюрократин хIилланех, полит-къийсамех кхеташ воцуш, шен дарж дIалецира цо, боху къамелахочо.

"Шен кIанта ша леллийнарг лелон догIу моьтту Кадыровна. Олуш ду-кх, дайш-наноша шайн берашна тIехь кхочушйо шайн амбицеш, Суна хетарехь, изза ду цо лелориг",- хета Сулеймановна.

Оьрсийчоьнан Iедалхошна, къаьсттина ницкъийн структурашкахь болучарна чIогIа ца веза Кадыров

Хила тарлочу куьйгалхочун жималла йийцича: шен да Кадыров Ахьмат вийча, ша ма-хиллара иза а хир ву моьтту Кадыровна. Масех баттахь Абрамов Сергей хилира Республикин куьйгалхо, йуха Алханов Iалус "лаьцна латтийра" республикера олалла, кхелхинчу губернаторан 27 шо долчу кIентан шен жималла бахьана долуш губернатор хила йиш цахиларна. Ткъа 17 шо долу цуьнан кIант шен да дийна воллушехь хьаькамаллин университеташкахула чеквалийтича, цхьана дийнахь Кадыровн могушалла галйалахь, вуно атта шен доьзална гIортор хилла дIахIуттур ву. Цхьана ханна цуьнан болх кхечуьнга бойтуш, боху къамелахочо.

"Дерриге ахча а КадыровгIеран Iуналлехь дуьсура ду. Iедал карахь латтон уггаре ладаме гIирс - нуьцкъаллин блок а. Нохчийн цкъа а ца хилла куьйгалхойн династеш. Амма Кадыров Рамзан, хетарехь, тешна ву, иштта бен республикехь низам латталур дац аьлла. "Низам" цуьнан кхетамехь."

Кремлана цхьа а альтернатива йац

Кадыров могуш цахилар гуш ду. Цуьнан йуьхь халла хоьу кадр чу, къамел тIаьхь-тIаьхьа галдаьлла догIу, наггахь цо дуьйцург кхеташ ца хуьлу, болар а дац дика, охьадагардо къамелахочо. Куьйгалхочун хьал Кремлана бендоцуш хила йиш йац. Москвана Кадыровн раж ладаме ду. Иза царна Нохчийчохь эшна ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а оьшу, кхеттош дуьйцу Яковенкос.

Яковенко Игорь
Яковенко Игорь

"Украинехь путинизм эшна йогIу. Иза цо ца лан а тарло. Амма хиндолчунна прогнозаш йар, раж хIинцца кхушарахь йа тIедогIучу шарахь духур ду бахар гIалат лору аса - иза кхин а йеххачу хеначохь латтан тарло. Кремлехь болучеран а, Соьлжа-гIаларчу Iедалхойн а баккхий сатийсамаш бу цу хьокъехь. Уьш иттанаш шерашкахь хьалха шайн хиндерш гуш, беха",- боху къамеле ваьллачо.

Цундела хиндерг Кадыров Ахьматна магош, цунах жима эла веш, иза воккха хиллалц, цуьнан болх бан кхин хIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхо хила кечвеш ву.

"ТIаккха массо кхетар ву, куьйгалхо мила ву, сацамаш бан хьенан бакъо йу. Жимох волу Ахьмат цунна кечвеш ву, хIунда аьлча Нохчийчоьнал арахьа цуьнга цхьаьллиг цхьа карьера йалур йац. Оьрсийчоьнан Iедалхошна Кадыров Рамзан ца веза. Къаьсттина ницкъийн структурашкахь. Цара йа цуьнан а, йа цуьнан кIентан а даржаш къобалдийр дац",- аьлла тешна ву Яковенко.

Диктатурин ражан олалла шен доьзалехь шордеш вогIу Кадыров

Нохчийн бакъонашларйархочунна Янгулбаев Абубакарна мелхо а Кадыровн кIант доккхачу даржана кечвеш ву аьлла ца хета. Цкъачунна Iедалан урхаллех цхьажимма вулуьйтуш, Iамош ву.

Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

"Кадыров Рамзанан воIарий иштта бекъалуш бу: Ахьмат хинволу хьаькам санна, йуккъерниг Iела-спортхо, Адам-ницкъахо (Гуьмсера ши вахархо вуьйш инцидент хилча, автоматца шен дена тIаьхьахIоьттина вогIуш вара иза - ред.билг.) Амма жимох волу Ахьматца дерг генна дIагIур долуш ду. ХIинцца волалуш ву иза шен куьйгаллин карьера йотта. Хинволчу куьйгалхочун санна леларш а долуш",- дуьйцу къамелахочо Кавказ. Реалии сайте.

Москвана КадыровгIеран доьзал бен республикан куьйгаллехь ца го, КадыровгIеран кланан карахь олалла латтор Москвана оьшуш ду аьлла а хета Янгулбаевна. Кхинберш церан меттахь хила тарло, амма хIорш санна тешаме хир бац.

"МуьтIахь хилар, хIилланца хилар, муьлхха омра кхочушдан кийча хилар ду оьшуш дерг, кхиндерш ладаме дац. Бюрократин система болх беш хилчхьана, куьйгалхо башха хьекъало хьийзош вацахь а мегаш ду",- олу Янгулбаевс.

Шен гIуллакхаш чекхдахархьама Кадыровс шен бераш хьалхатиттар, дипломатин векаллаш барца цхьаьна, - и дерриге шен олаллин клан йарна тIедоьгIна ду, Кавказ.Реалии-на комментарий йо политилого Преображенский Ивана.

Преображенский Иван
Преображенский Иван

"Диктатурин ражан олалла шен доьзалехь шордеш вогIу Кадыров. Хетарехь, Кремлан а, Иранан а гIоьнца Iедалехь висинчу Сирера Асадан масалло ир-карахIоттийна иза. Мехкан тIом а, кхечу пачхьалкхийн чугIортар а хиллашехь, Iедалехь бисначу,"- цхьаьнадогIуш хета экспертана.

Кадыровн воIарийн кхерамзаллин промоушене версех а ца теша Преображенский. Дуккхачу диктаторша санна, Кадыров шена цхьаъ хиларна кхоьруш ву, амма и санна долчух тешаш велахь тамаша бу: бераш даккхий хилла, уьйраш, гергарлонаш дIасатийссина, полит-къийсамехь кхиина бевлла, дIахIитталц, йеккъа цхьана ден цIарца уьш лелалур бац.

  • Хьалхо эксперташа а, йукъараллин жигархоша а Кавказ.Реалии сайте дийцира Путин Владимиран, жимох волчу Кадыров Ахьматан хиллачу цхьаьнакхетарах. КIанта зуда йалочу муьран йуьххьехь нисделира иза, леррина гайта санна - кIант воккха хилла, керла доьзал кхолла кийча ву, ткъа Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетар дIадахьар кIентан полит-амбицеш йуйла хаийта дина дара, цо зуда йалоран хьокъехь дина махбоцу совгIат а дара.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш "цхьа тамашийна кхеташ","хьекъале", "хIуманца бала болуш", "нохчийн къоман дикачу ламасташца кхиош ду",- бохуш дуьйцу куьйгалхочун накъосташа. Иштта, дешнаш ца кхоош, вовшашца къийсалуш, шайн официал-аккаунташкахь йаздо республикера баккхийчу хьаькамаша. Официалехь Кадыров Рамзанан 14 бер ду. Школа йаьккхина бовллушехь, республикерчу лаккхарчу даржашка дIахIуьтту уьш.
  • Нохчийн республикан куьйгалхочун гергара нах - бераш, йижарий, йишин доьзалаш, шичой, маьхчой-лаккхарчу даржашка дIахIиттош хилар Кавказ.Реалии сайто хьалха а массийтуза дийцина дара. Уьш массо схьаецча, 100 сов гергга нислора. И хьал иштта хиларан бехк шена тIера дIатоттуш, регионан куьйгалхочо, элира: "Тхайна тIедехкина декхарш оха дикка кхочушдичхьана, хьенан хIун бала бу? КIезга сагатло сан аша дуьйцучунна, шуна хетачунна".
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шераш кхачанза болу воIарий Ахьмат, Iела, Адам шайн 23шо долчу йишица Iайшатаца сепаратистийн "ДНР"-е бахара. Кадыров Рамзана дикка дийцира цунах шен телеграм-каналехь - шен воIарша тIамехь дакъалаьцна бохуш а дуьйцу цо.
  • Кадыров Рамзан дIасалела RA-73417 бортан номер йолу долара кема юха а нисделла радарашкахь. Чиллан-беттан юьххьехь Мальдивашкахь хааделла иза, Таиландан а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн а хийистошкахь. Оццу деношкахь цигахь тергалбира Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарий. Ша хьаькамо тIе ца дуьту, республикера ша араваьллера бохург, чIагIдо шен кема дац бохуш а. Шен бераш курорташка лестарх йеш комментарий йац цо. Кавказ.Реалиин корреспонденто къастийра оцу историх лаьцна дерг.
  • Зазадоккху-беттан чакхенгахь Кадыровн шина кIантана, 17 шо долчу Ахьматна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсарехь бина кхиамаш" цIе йолу некхехь лелон билгалонаш йелира. "Терроризмаца къийсарехь бина кхиамаш" цIе йолу мидал Нохчийчохь дуьххьара 2015 -чу шарахь Кадыров Рамзанна йелира. Цул тIаьхьа, масала, изза мидал йелира цуьнан ненйишина Ибрагимова Уманина, ДПС шина белхалочунна а, 2019-чу шарахь гезгмашин-баттахь цхьа жима стаг верна. Цара дийцарехь, герзаца ницкъахошна тIелетта волу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG